охьахевшина. Аш хӏунда ца элира укурган началнике, тхан йуьртахь наха йуьртда а, къаной а хаьржина, и хаьржинарш ӏадбита, шаьш йукъа а ца ӏуьттуш? Аш йуьртана йамартло ма йина, Саьӏад. Аш хӏара йурт мостагӏаллин шина тобане ма йекъна. Хӏинца йуьрто хаьржина тхо ӏедало къобал ца до, ткъа ӏедало йамартлонца, харцонца хӏиттийна шу йуьрто къобал ца до. Тахана йуьртана тӏехӏоьттина хӏара кхераме хьал машарца дерзо тӏедахча, ӏедало тхо тергал дийр дац. Цундела ӏедало хӏоттийначу шу пхеаммо дерзо деза хӏара гӏуллакх.
– Шен омра кхочуш ца дича, полконака къамел а дийр дац тхоьца!
– Хӏета аш кхочушдан деза полконакан омра а.
– Йуьрто пачхьалкхан налогаш, гӏуданаш дӏа ца текхча, герз дӏа ца делча, тхоьга кхочушдалур дац полковникан омра.
– Аш, хьолахоша, дӏатакха пачхьалкхо йуьртана тӏетоьхна налогаш а, гӏуданаш а. Герз а дӏало.
Саьӏадгӏар, цецбевлла, багош гӏаттийна бисира.
– Оха хӏунда токху йуьртана тӏера налог а, гӏуда а? Иза а, важа а йуьртарчу хӏора кӏуьран цӏарах нийсса йекъна, тхаьшна кхочург оха токхур йу, шайна кхочург наха а такха йеза.
– И харцо хӏинццалц лелла. Хӏинца тоьур ду, нехан собар кхачийна. Шун долахь йуьртан ах мохк бу, даьхни, туьканаш, хьераш, пайтонаш, гӏудалкхаш, шортта ахча а ду. И дерриг а шайн дайшкара охьа хьарамчу некъашца, харцонашца, йамартлонашца гулдина аш. Цул совнаха, ӏедало йуьртана тоьхна, тӏаккха дӏабаьхна текхамаш, иза нахана ца хоуьйтуш, цаьргара ахчанаш а дохуш, шайн кисанашка аш дерзийна меттигаш а гучуевлла тхуна. Шу йамарт нах ду, Саьӏад. Шайна лаахь, ӏедало дӏайоьху налогаш, гӏуданаш, герз шаьш дӏало. Шайна лаахь, оцу полконакца йукъара мотт а карабай, йурт кӏелхьарйаккха. Иза шун шайн гӏуллакх ду. Амма оха хьалххе цхьаъ дӏахоуьйту шуьга. Нагахь санна оцу полконака хӏокху йуьртара цхьа цӏа дохадайтахь, салташа цхьана кертара котам галйаккхахь, йуьртара цхьа стаг лаьцна вигахь, цхьана стагана бохам баккхахь, шу иттех стеган цӏенойх а, бахамех а оха чим бийриг хилар. Доцца аьлча, шайна а, шайн тӏаьхьенашна а хӏокху йуьртахь даха лаахь, хӏара гӏуллакх йуьртана сингаттам а, бохам а боцуш, дӏадерзаде. Оха ца элира ала дац шуна. Хӏан, хӏара тхан лаам