ӏабди тӏаьхьасецира.
– Хӏокху сингаттамо хьал-де хатта меттиг а ца балийти. Доьзал муха бу, могаш буй?
– Далла бу хастам, дика ӏа уьш.
– Суна-м цкъа бен ца гина хьан хӏусамнана. Ӏаламат чӏогӏа гӏиллакхехь, оьзда адам ду иза. Цо сайна дина хьошалла ца дицло суна. Соьгара маршалла а ло цуьнга. Дукха хан йоццуш Петарбухе вахча, цунна лерина хӏара жима дашо мидал эцнера ас, – кисанара схьадаьккхина, жима бархатан гӏутакх дӏакховдийра ӏабдис. – Ткъа хӏокху халчу заманахь доьзална оьшург алсам хуьлу. Хӏара совгӏат хьайна дӏаэцар а доьху хьоьга…
Полковникан кисана, йукъахь ахча а долуш, йовлакхан шад таӏийра ӏабдис.
– Хӏун до ахь, ӏабди! Зудчунна совгӏат ша ду, ткъа хӏара кхаъ эцар ма ду!
– Уьш вайна йукъа ца догӏу, хьан оьздалла. Уьш дийцича, вайн доттагӏаллина йукъа херо йогӏу. Баркалла хьуна, хьан оьздалла. Дала зенах-зуламах ларвойла хьо! Ӏодика йойла хьан!
Ӏабди араваьлча, йовлакхан шад а баьстина, ахча дагардира цо. Иза цкъа а шалха а кагдаза, ши эзар сом дара…
«Шодмаш, тоьпаш йетташ, ахархойн кхетам артбан, бен гӏертачу маршонехьа кхузаманан боламан чаьлтачийн цӏерашна уллохь дуьххьара йаха йолийна Теркан областан ламанхойн цӏераш. Церан къеллех, бӏаьрзаллех пайда а эцна, ӏедало ӏехийна, йолах помещикийн бахамаш ларбан, эшамца а, бакъонаш йахарца а, бохамехь а цигарчу шайн вежаршна, къечу ахархошна тӏехь суд а, таӏзарш а дан Россе бигна нохчий а, хӏирий а. Мотта тарло, цара хазахеташ цӏий ӏенадо, церан халкъийн цӏийга сутаралла а йу. И хабарш а, мотт-эладитанаш а харцдарца Пачхьалкхан Думе оха дӏахьедо Кавказан ламанхоша машаречу, маьршачу дахаре даим дӏа сатуьйсуш хилар а, къайлах а, даррехь а церан цхьана а къомаца мостагӏалла а, атталла хӏагӏ-гамо а цахилар а, шайн кхетам бацарна чаьлтачийн, черносотенцийн и эхье декхарш кхочушдечу оцу цхьакӏеззигчу шайн кӏенташца маршо йезачу ламанхойн йукъара хӏумма а цахилар а. Оха доьху шуьга, оха тӏедожадо шуна, ламанхой оцу эхьечу гӏуллакх йукъаийзор сацор а, цига дӏабигна декъаза нохчий а, хӏирий а шаьш бинчу йарташка йухаберзор а…».