Зеламхин лаамза дуккха а мостагӏаллаш тӏеэгна цунна. Кхин тӏе ца хилча а, Элсангӏарца дерг а тоьар ма дара царна. Чӏир дуьхь-дуьхьал нисйеллачул тӏаьхьа а царах стаг вийна. Цул совнаха, цхьа ладам боцчу хӏуманна тӏехула царах цхьа зуда а йийна. Цхьана дийнахь Гушмацӏа а, Зеламха а, Солтамурд а Хорача цӏа богӏуш, шайн кха тӏехь асар деш болчу Элсангӏеран зударшна тӏенисбелира хӏорш. Гушмацӏа тӏаьхьависина вогӏуш вара, хӏара шиъ хьалха тӏекхечира. Хӏорш уллохула тӏехбовлуш, сардамаш доьхуш, теза-маьттаза багош лейан буьйлира зударий. Тӏаккха хӏокхарна тӏе тӏулгаш кхийса а буьйлира. Хаза аларх а уьш ца севцча, вист ца хуьлуш хӏара шиъ дӏаволавелча, Гушмацӏа тӏекхечира. Собар доцчу, цӏий сихачу Гушмацӏас зударшна йукъа тоьхна топ а кхетта, цхьаъ йелира. Топ йолуш а хезна, Элсангӏарах кхо стаг, герз а карахь, оцу тӏе кхечира. Вовшашна герз детташ, оцу кхаанна чевнаш йира Зеламхагӏара, хӏокхарах цхьаннах а цӏий а ца делира. Цул тӏаьхьа дукха хан йалале къена Хьамза вийра Элсангӏара.
И цхьаболу бохамаш Гушмацӏин дералла а, сихалла а бахьана долуш хиллера церан доьзална. Хушуллагӏаьрца дерг а, захало а деш, машарца дерзо гӏоьртира Зеламха. Амма Гушмацӏа карзахвелира. Цара вайна эхь дина, Зезаг нуьцкъах схьа а йаьккхина, цӏа ца йалайахь, вайна тӏехтохам хир бу аьлла, шеца хӏорш а буьгуш, Элсангӏеран керта иккхира.
Хӏинца кхо мостагӏалла ду царна тӏехь. Элсангӏеран а, эгӏашбатойн а, дукха хан йоццуш беношца хилла а…
Чӏогӏа Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, цӏенчу даггара Далла ӏамал йеш а вара Зеламха. Шена хууш, Дала бусалба адамашна хьарам динчу, къилахь леринчу гӏуллакхех а, гӏиллакхех а чӏогӏа ларлуш а вара. Шайн доьзална хиллачу бохамашна йуьхьанца бехке бора цо захалонна йукъагӏоьртина нах а, ӏедал а. Амма оцу хьокъехь Соип-Моллица шен къамел хиллачул тӏаьхьа, цхьадолу бехкаш шариӏатан некъашна тӏера ваьлла леллачу шен хиларна къера а вара, ша динчу дуккха а гӏуллакхашна дохко а ваьллера иза. Деле шена гечдар а доьхура цо хӏора шен ламаз тӏехь.
Амма хилларш а, лелларш а, иза дохковийларх, цунна лаарх, йуха нислур доцуш, дӏадевллера.