Цул тӏаьхьа цхьа шо даьлча, гӏалгӏайн Саламбека оьздда бехк боккхуш къамел дира цуьнга. Зеламхин уггар тешаме, майра, оьзда, доьналле накъост вара Саламбек.
– Зеламха, итт шо гергга хан йу вайша цхьаьна волу. Хӏора дийнахь, хӏора сохьтехь, хӏора минотехь цхьаьний ӏожаллица къуьйсуш. Сайн вешел а хьо сайна тешаме а хетара суна, иштта хьуна со хета а, моьттура. Вайшинна йуккъехь цхьа а къайле хир йац а, моьттура. Хьо майра, оьзда, тешаме, доьналле къонах ву. Амма ахь цхьа гӏалат далийтина суна а, накъосташна а хьалха. Тхуна а ца хоуьйтуш, хьайн доьзалца къайллах Хонкара ваха кечлуш хиллера хьо. Хьан зуда а, жима пхи бер дуйла а, вийначу вешин зуда а, жима кӏант дуйла а, хаьа суна. Хьо воцург церан дола дан шун цӏийнах воккха боьрша стаг воцийла а, хаьа. И зударий а, бераш а, цӏа-цӏе доцуш, сагӏадоьхургаш санна, бевлла лелаш буйла а хаьа. Ӏедалан карабахча, уьш Сибрех бохуьйтур буйла а, хаьа. Уьш бахьана долуш, хьоьгахь боккха бала буйла а, хаьа. Хьайн са дадийна Хонкара ваха гӏерташ хьо ца хиллийла а, хаьа, и зударий а, бераш а кӏелхьардаха гӏерташ хиллийла а, хаьа. Амма айхьа дагалаьцнарг тхоьга цахаийтар доккха гӏалат дара хьан. Тхо даим хьоьца ма дара, хьуна уллохь хӏора дийнахь ӏожаллина хьалха хӏуьттуш. Хьо санна, ӏедалан карадахча, тхо а дойур ма ду къинхетамза. Хьан санна, тхан а ма бу доьзалш, тхуна а безаш, тхо а дезаш. Хьайн аьтто нисбеллехь, тхо дӏа а тийсина, ведда Хонкара ваха воллуш хиллерий-те хьо?
Зеламха бехказвала гӏоьртира.
– Ахь ма-аллара, Саламбек, сан йаьӏни тӏехь сан зуда а, пхи бер а, вешин зуда а, цуьнан жима кӏант а ду. Тхан цӏийнах дийна висина боьрша стаг веккъа цхьа дейтта шо хенара Бийсолта ву. Иза бер ду. Да а, ден вежарий а, вежарий а, шичой а байъина. Хонкара дӏаваха сайн аьтто хиллехь а, со цигахь ӏийр вацара. Доьзал дӏа а тарбина, шуна тӏе йухавогӏур вара. Дуьненахь айса йаккха йисинчу хенахь шуьца халонаш лан а, ӏожалла тӏеэца а…
– Иштта тхоьга ала ма дезара ахь, Зеламха.
– Айса дагалаьцнарг кхочушхилахь эр ду бохуш, ӏийнера…
– Хьайна иза дага ма-деъанехь ала дезара. Ледарло йалийтина ахь.