Цундела оцу хьолан кӏорггера ойла йечара дог диллинера, къоман барт хилча а, нохчийн шайн цхьаьннан ницкъаца паччахьан ӏедал а дохалур ду, шайн махкара колонизаторш ара а бахалур бу бохучух. И ойла йийраш, шайн кхоллам Делан кара а белла, севццера.
Дерриг халкъ паччахьан ӏедална дуьхьал гӏатта ницкъ а, барт а бацахь а, нохчаша дог ца дуьллура шайн маршонах. Россина дуьхьал тӏом сацийнехь а, къарбелла, цуьнан олаллина кӏел ца севццера уьш. Къаьст-къаьстинчу нохчаша шайн ницкъ кхочу бекхам оьцура шайгара маршо дӏайаьккхинчу, шайн халкъан коча ӏазапан, лоллин дукъ доьллинчу харцонийн, йамартлонийн паччахьан ӏедалх. Паччахьан эскарийн гарнизонашна тӏелетара, къиза хьаькамаш бойура, банкаш, почташ талайора, гӏалагӏазкхийн хьолахошна къоланаш дора. Шайн ницкъ ма-кхоччу хӏара мохк колонизаторшна къахьбан, церан когашна кӏел латта даго, оцу некъашца уьш хӏокху махкара арабаха гӏертара.
Оцу халкъан бекхамхойх обаргаш олура. И обаргийн болам ХӏХ бӏешеран кхузткъалгӏачу шерийн йуьххьехь болийнера гӏараваьллачу обарго – гиххойн Варас. Обаргийн, халкъан бекхамхойн, халкъан сийлахьчу кӏентийн тӏаьххьара а нуьре седа бара хорачойн Зеламха.
Шаьш обаргаш бу бохуш, къуй а, талорхой а бара къомана зуламе бевлла лелаш. Церан цхьа а тайпа бала бацара шайн къоман кхолламца.
Россин империн дегӏа тӏехь цкъа а ца йоьрзуш, даим а цӏий ӏийдалуш, лаьттар йолу чов, лазарийн даӏ дара Нохчийчоь. И чов, и даӏ доьрзур ду бохург хьехочохь а дацара, нохчашна маршо а йелла, и меже цо шен дегӏах дӏа ца къастийча. Ткъа Россина иза ца лаьара. Цкъа-делахь, Россина нефть латточу шина махках цхьаъ Нохчийчоь йара. Шолгӏа-делахь, Нохчийчоь дӏакъастийча, изза луур дара Россин олаллина кӏелхьарчу кхечу даккхийчу а, кегийчу а халкъашна.
Россина дуьхьал нохчийн къоман маршонехьа бакъонца къийсаме шайн-шайн хьежамаш бара кхузарчу колонистийн. Хӏокху къийсамехь нохчийн халкъ тоьлла, йа революцин некъашца паччахьан ӏедал дохийна, хийцамаш а хилла, иза шен лааме даьлча, шайна кхерам гора царна массарна а. Хьолахой – шайн долара заводаш, фабрикаш, промыслаш, банкаш, туьканаш, кхиерш а дӏайовларна.