масех баттахь ӏийнехь а, майрачуьнга шех куьг ца тохийтинера Зезага. Нанас дуьнен чу ма-йаккхара, цӏена Солтамурде дӏайелира иза Зеламхас.
Цул тӏаьхьа цо бекхам эца безаш ши гӏуллакх дара. Черновс набахтехь шена тоьхна тӏара а, Добровольскийс шен ден ден озийна маж а. И шиъ вен везара. Шайн доьзална хиллачу берриг а бохамашна и шиъ бехке вора цо. И шиъ а, оьрсийн ӏедал а. Цкъа хьалха и шиъ а вийна, тӏаккха шен йерриг а оьмарехь ӏедалх бекхам эца безара цо. Зеламха набахтера ведча, кхеравелла Чернов, Веданара ведда, Несаре балха вахара. Амма ша Веданара дӏавадале жимачу йоӏаца Муслиматца цхьаьна Беци кхаа баттана Ведана набахти чу йоьллира Черновс. Амма иза гена ца ваьллера. Ткъа Добровольский хӏинца а Веданахь ву. Стигала ваьлча а, лаьттах воьлча а, Зеламхин тоьпан дӏаьндаргах кӏелхьарвер вац и шиъ.
Хулхулон чӏожахула, хин аьтту агӏонца, тӏулган бердашца сетташ, хьийзаш хьала-охьа бу Ведана боьду некъ. Маситта шо хьалха паччахьан ваша, Кавказан наместник, кхуза вогӏу аьлла, баккхийтина иза. Россера говза инженераш а балийна, Нохчмехкан йарташкара нах шайн ворданашца кхуза лоьхкуш, цаьрга маьхза болх бойтуш.
Оцу некъана шинне агӏор тӏекхозаделла тӏулган лаьмнаш, тархаш, басеш дӏахьулйина кхиъна бӏешерийн къена хьаннаш йу. Хьежарх ца кӏордош, хаза хуьлу бӏаьста а, аьхка а, гурахь а кхузара и исбаьхьа ӏалам. Нежнаш, пепнаш, маьънаш, акхтаргаш, гӏаргӏеш, таьллаш. Акха кхиъначу хьорматийн, ӏежийн, кхорийн, хьаьмцийн, элхьамчийн, кхечу дуккха а стоьмийн дитташ. Бӏаьстенан йуьххьехь, дитташа заза доккхучу хенахь, бес-бесара къарзло и хьаннаш. Цӏен а, кӏайн а, можа а, сийна а, баьццара а – тайп-тайпанчу беснашца.
Дӏа ког мел баьккхинчохь тӏулган лаьмнех схьаӏена сирла, ша санна, шийла шовданаш. Лаха когашка кхаьчча, Хулхулох дӏакхета уьш. Хулхуло а ду сирла. Дукха сирла хиларна, ӏаьржа бос а бетталуш. Амма лаьмнашкахь догӏанаш даьхкича, буьрса деста иза. Къена дитташ бухдохуш, даккхий чхернаш керчош, хьере догӏу иза, аренга нийсачу даьлча, чехка йеана кӏадъелла говр санна, болар лагӏдой, меллаша малхбузехьа дӏашерша.
Оцу чӏожахь, некъо голатухучохь, цхьана торха тӏехь хиъна ӏа