Мухха лол тоьхна а, цо керла дендина даьхни нохчаша дуьгур дац ала, цхьа де а тешаме ца хуьлу… Дукхахьолахь, даьхни дигна а ца ӏа уьш. Дохнан да йа ӏу воьй, йа гӏибаваллалц йеттий, лечу хьоле а воккхий, йа йерриг а шен оьмарна иза заьӏап вой, дуьгу. Жа-бажа, говраш станицел арадаьхна дежийлашка дӏалахка йиш йац. Говраш а, стерчий а ворданна-гӏудалкхана доьжна гӏала, луларчу станице ваха йиш а йац. Тхан дахар а, бахамаш а, дийнахь а, буса а, даим а кхерамна кӏел лаьтта. Оцу хьокъехь, масала, тхешан станицера байъинчу а, лазийнчу а нехан цӏераш а йазйеш, тхайна дина зенаш-зуламаш а гойтуш, областан начальнике, чоьхьарчу гӏуллакхийн министре, Пачхьалкхан Думе кхаччалц тхаьш нохчийн зуламах лардар доьхуш дехар йаздина оха. Амма хӏинццалц схьа тхуна хилла гӏо дац. Шуьгахь герз ду, нохчех шайн станицаш шаьш ларъе аьлла, жоп делла тхуна цуьнан локхалло инарла Михеевс. Иза ойла ца йеш йа, нийсса аьлча, тхоьгарчу хьолан бала боцуш делла жоп ду. Шуна ма-хаъара, эскарехь гӏуллакх дан декхар болу гӏалагӏазкхий, дукхахьолахь, цӏахь ца хуьлу. Масала, японцашца тӏом болуш а, революцин шерашкахь а станицашкахь биснарш кхиазхой а, къена нах а бара. Берриг гӏалгӏазкхий цӏахь хилча а, нохчех цара станица муха ларйийр йара? Уьш хьалххе хаам бой ма ца богӏу, йа шаьш богӏур болу некъ а ма ца буьйцу цара. Дагахь доцчу хенахь, дагахь йоцчу меттигашкахула богӏий, тӏелета. Тӏехула тӏе, шайн цӏера а, кхаш тӏера а белхаш дӏа а тийсина, базара а, шайн гӏуллакхана дӏаса а ца бовлуш, аренашца, некъашца ха деш ӏийна а бевр ма бац гӏалагӏазкхий…
Атаманан къамел дукха дахдала доьлча, гӏиллакхехь иза йукъахваьккхира гуламан председатело:
– Станицашкара хьал массарна а дика хаьа, господин атаман. И зуламаш совцо хьайна хӏун некъ го, дийцахьа.
– Ца хаьа суна. Ха латто а гӏиртина тхо. Цунах а гӏуллакх ца хилла. Станицашка йолах болх бан богӏу нохчий совцо а гӏиртина. Амма оцу тӏехь а ӏедало гӏо ца лоцу тхан. Баккъал а аьлча, цига балха богӏу «машаре» нохчий бу и къуй а, талорхой а станицашка кхуьйлурш. Тхуна хетарехь, станицашка богӏу некъ нохчашна бехка беза ӏедало.