эскарийн хаддаза эшамаш хуьлура Нохчийчохь. 50-чу шерашкахь нохчийн эшамаш хила боьлча, Крымски тӏом болабелира, тӏаккха кхузара дуккха а тӏеман ницкъаш цига дӏаоза дийзира оьрсийн правительствон. Крымски тӏом чекхбелира, толам Россигахь а буьсуш, Англица а, Францица а, Хонкарца а Парижски машаре барт а беш. Тӏаккха Россин аьтто хилира оцу тӏамера мукъадевлла эскарш йуха а Нохчийчу дерзо. Нохчийн йуха а эшамаш хила буьйлира. Россин правительствона дагаеара нохчийн халкъ махкахдаккхаран Ермоловн идея. Нохчийн халкъ махках а даьккхина, Россин къилбаседехьарчу губернешка кхалхорца, нохчийн дуьхьало тӏаьххьара а, гуттаренна а кагйина, империн дегӏа тӏера и луьра даӏ дӏа а къастийна, Кавказехь машар, синтем кхолла. Йуьхьанца ӏалашо йара оьрсийн эскарша дӏалаьцначу хӏора йуьртара бахархой уггар хьалха Вологодски губерне кхалхо. Амма цунна дуккха а хан а, йаккхий харжаш а йезара. 1856-чу шарахь Ставрополехь кхеташо хилира, правительствон лаккхара чиновникаш а, эскаран командованин векалш а цхьаьна а кхетта. Цигахь сацам тӏеийцира, нохчий, къилбаседа губернешка ца кхалхош, Маныче кхалхо. Цкъа-делахь, и мохк Нохчийчоьнна гена бацара, нохчий цига кхалхош, дукха харжаш а ца йезара. Шолгӏа-делахь, цо аьтто лора нохчий цхьана йоццачу хенахь цига дӏакхалхо. Кхозлагӏа-делахь, Маныч шийла мохк бацахь а, шен ӏаламан хьелашца къилбаседерчу шелоно санна, нохчий хӏаллакбийр болуш мохк бара. Шера аренаш, йекъа йовхо, йалта кхио аьтто боцуш декъа латта, аьхка бовха, ӏай шийла мохк, тайп-тайпанчу цамгарийн хьоста хилла лаьтта кегий а, даккхий а уьшале хиш, ӏаьмнаш. Цига кхалхийна нохчий къайллах даймахка цӏаберзарна кхерам а бацара. Къилбехьа царна некъ дӏакъовлура цхьана агӏор донски, кубански, ставропольски, терски гӏалагӏазкхаша. Къилба-малхбалехьа – Россина муьтӏахь, амма нохчашца гӏоьртина а, бӏаьхалле, аьрха, талорхойн амалш йолу а гӏалмакхой а, церан гӏамаре йаьсса аренаш а. Манычан аренашка охьаховшийча, нохчаша гуттаренна а дог дилла дезара даймахка йухаберзарх. Цул совнаха, цигахь мацалло, цамгарша, халонаша и халкъ хӏаллакдаре дог дохийла а йара.