Эзарнаш адамаш гулделла йоккха йацахь а, дуккха а белхалой гулбелла, Соьлжа-Гӏалахь митинг а хилира. Гуьмсехь хиллачу гӏуллакхна бехкечарна луьра таӏзарш дар доьхура цара ӏедалера. Базарахь разбойникаш а, лачкъийна даьхни а дара, байъинарш а, чевнаш хилларш а отрядана дуьхьало йина разбойникаш бу бохуш, ца къарлора Вербицкий. И гӏуллакх талла леррина вовшахтоьхначу ӏедалан комиссис гучудаьккхира Вербицкийс дуьйцург харц хилар а, салташа а, гӏалагӏазкхаша а цигахь байъинарш а, чевнаш йинарш а ӏедална хьалха цӏена, шайн къинхьегамца хьанала баьхна, къен-миска нах хилар а.
Амма бехкенаш, даим а санна, таӏзарза бисира. Хӏара нохчий империн законашна арахьа ма бара…