Аш дийцарехь, и керстанаш вай бусалба динехь а, ийманехь а нисдан, вайна йалсамане йан гӏерта, ткъа хӏара акха нохчий дуьхьалбевлла. Нохчаша талийна йа вийна цхьа-ши бӏе оьрсий мехала ваьккхина вуьйцу цара а, ахь а, амма оьрсаша, церан паччахьаша, ӏедало нохчийн халкъ хӏаллакдар, йарташ йохор, йагор, дийна бисина нохчий чӏана а баьхна, лоллехь, ӏазапехь бахкор, хӏора дийнахь лоьцуш Сибрех хьийсор, халкъера къелла, мацалла ма ца йуьйцу оцу сардала а, ахь а?
Ша, тӏамехь пхьарс а баьккхина, цӏа веачахьана, гуламехь а, пхьоьханахь а, адамаш цхьаьнакхеттачохь а Саьӏадана цхьа ӏоттар ца йеш, цуьнан дош ца кагдеш ца ӏара Солта. Амма Саьӏада ловра иза. Цуьнан да, Солтха, шеца оьрсийн-туркойн тӏамехь хиларна а, хӏара Солта шел шозза жима хиларна а. Тӏамехь заьӏап хилла хӏара миска даим а дера хиларна а. Солтха майра, тешаме, доьналле накъост вара, хӏумма а кӏанте тера чӏиркъе а, девне а вацара. Уьш дерриг а тидаме а оьций, собаре садеттара Саьӏада, амма тахана и собар кхачийра цуьнан:
– Ванах, Солта, адамаш цхьаьна мел кхеттачохь, даим суна дуьхьал и гӏовгӏа йо-кх ахь. Кхузахь, хьо воцург, масех бӏе стаг ма ву. Хьан ден хенарнаш а, хьан хенарнаш а. Хьо стенна везаве? Оцу оьрсашка а, церан паччахье а, ӏедале а оццул хьайн цабезам хилча, йолах царна хьалхара тӏаме а вахана, хьайн пхьарс хӏунда баккхийтина ахь? Хӏетахь ца хаьара хьуна, оьрсаша, церан паччахьо, церан ӏедало нохчийн халкъ ах хӏаллакдинийла, йарташ йохийнийла, йагийнийла, дийна бисина нохчий лоллехь, ӏазапехь бахкош буйла, Сибрех хьийсош буйла?
– Хаьара. Со къелло, мацалло вахийтира оцу тӏаме. Тӏе, ахь лекхначу зурмано а. Со-м керстанийн ахчанах керстанаш байа ваханера, ткъа хьо хӏунда ваханера нохчийн халкъан мостагӏийн – оьрсийн, керстанийн – эскаре а хӏоьттина, бусалба туркой байа? Хьан да а, хьо а хьал долуш, вехаш ма вара?
– Хьан да Солтха а вара соьца оцу тӏамехь туркойх леташ, уьш бойуш!
– Сан да а вигнера оцу тӏаме къелло! Тӏаьхьа иза валлал дохковаьллера ша цига вахарна!
Оцу шиннан гӏир-мир девне ца йалахь а, хӏара гулам гӏовгӏане берзо боллийла хиъна Аьрсамирза хьалагӏеттира:
– Тоийта шиммо а! Солта, хьуна хьайн меттиг ларбан ца хаьа.