Полковник Галаев вийначул тӏаьхьа цуьнан метта Ведана-округан ханна начальник хӏоттийна капитан Дудников, шел хьалхарчу шиннан хилла декъаза кхоллам шен а хиларна кхоьруш, Зеламхица йолчу йукъаметтигашца чӏогӏа ларлора. Цуьнца даррехь къийсам ца латтабора Дудниковс, амма пачхьалкхана текхамаш бойтуш, бахархой хьийзабора. Бертахь текхамаш ца бечеран йа уьш бан ницкъ боцчеран керташкара даьхни дуьгура, хӏусамашкара йийбар дӏахьора. Бехкечарах а, бехке боцчу нахах а йуьзнера Веданара набахте. Цигахь чу ца тарбелларш Соьлжа-Гӏала дӏабуьгура.
Халкъана ницкъ бечу хьаькамех ша бекхам эцале, цкъа хьалха цаьрга дехаре кехат йаздора Зеламхас, бахархошна ницкъ ма бахьара аш, зударий а, бераш а ма хьийзадахьара аш, шена тӏаьхьа таллар а дитахьара аш олий. Уьш шайн некъа тӏера йуха ца бевлча, тӏаккха царах бекхам оьцура цо. Иштта кехаташ йаздинера Зеламхас полковнике Добровольскийга а, Галаевга а, къизачу эпсаршка а. Иштта кехат даийтинера цо Дудниковга а. Зеламхин кехат жоп доцуш дитича, иза шена бохаме дерзарна кхоьрура капитан. Тӏе, хӏокху округан начальникан даржехь ша цхьана ханна вуйла а, хаьара цунна. Нохчийн округашка начальникаш цхьана генна хьажийнчу ӏалашонца Кавказерчу къаьмнех нах хӏиттабора ӏедало. Цундела кхуза керла стаг хӏоттаваллац, Зеламхица мелла а машар лаха, цуьнца шецца машаре дийцарш дан сацам хиллера цуьнан. Хьанна хаьа, и дийцарш деш, цхьана мекарлонца и обарг лаца шен аьтто хиларе къайллах дог дохура цо.
Дудниковс шен тешаме нах бахийтира Зеламхина тӏе. Уллохь цхьа а воцуш, шеца цхьаьнакхета, нагахь санна вайшиннан машаре барт хилахь, ша ӏедале хьуна къинхетам а, маршо а йоьхур йу аьлла. Цхьаьнакхета меттиг а, хан а билгалйира. Веданна гена доццуш, хьуьна йуккъерчу цхьана ирзо тӏехь, ӏуьйранна малх схьакхетачу хенахь ӏедалх а, адамех а тешам байна, даим а сема, сакх хуьлу Зеламха, сатоссучу хенахь вахана, йиллина меттиг а, гӏап а гучу меттиге охьахиира. Садаьржачу хенахь гӏопера арабевллачу салташа хьуьна чохь ирзонан го дӏалецира. Дудниковн йамартло гучуйаьлла Зеламха, ша волччохь цунна йаппарш а йина, дӏавахара.