Буритӏахь ресторанехь делкъе йеш шаьшшиъ цхьаьнакхетча, Вербицкийга шен бала балхийра Дудниковс.
– Суна цхьанна хаьа Зеламхин доьзал болу меттиг. Амма цига экспедици йан тӏеман ницкъ бац сан…
– Мел салтий бу хьан гарнизонехь?
– Цхьа рота.
– Ахь схьалеца безарш пхийтта шо кхачаза кхиазхо а, ши зуда а, йалх бер а бен дуй?
– Дац. Йерриг а рота гӏопера дӏайуьгийла ма дац сан. Ах рота-м йуьгур а йара.
– Хӏета хьуна, ахь дийцарехь, полк йеза.
– Зеламха а, цуьнан гӏера а схьалаца суна рота салтий шортта тоьур бара, Григорий Николаевич. Уьш тӏеман низамца дуьхь-дуьхьал а хӏиттина, леташ хилча. Ткъа церан тактика а, стратеги а хьуна дика ма йевза. Экспедицехь дакъалоцуш алссам тӏеман ницкъаш суна безаран шатайпа маьӏна ду. Зеламхина а, цуьнан гӏеранна а гӏо деш болу бахархой кхеро оьшу суна уьш. Со кхетарехь, хӏара операци вайн массеран а йукъара декхар а, йукъара гӏуллакх а ду, Григорий Николаевич. Ӏассан лакхенга операци йеш цхьаьнакхета вайша? Сан ах рота салтий, хьан – рота салтий а, гӏалагӏазкхийн бӏо а. Операци тӏехь куьйгалла ахь дийр ду. Суна хастам ца оьшу. Коьртаниг операци кхиамца чекхйалар ду.
Вербицкийс дукха ойла ца йира. Хӏара капитан Дала ваийтинера цунна. Экспедици кхиамца чекхйаларан гӏуллакх шеконехь ду. Экспедицина коьрте Вербицкий хӏоьттича, эшаман жоьпалла цунна тӏехь дуьсу. Дудниковна гӏо дича, Вербицкий шен декхар кхочушдинарг хир ву. Экспедицин кхиамаш хилахь, хастам а цунна, Вербицкийна, буьсу. Амма иза шеконехь ду. Тӏе, ши отряд цхьаьнатоьхча, эпсарийн барт а хир бац. Йазделларг хир цунах. Вербицкий оцу зӏуганийн бена а ца воьдуш, хаза гӏуллакх хир ду цунах!
– Ас рота салтий а, гӏалагӏазкхийн бӏо а лур бу хьуна, капитан, – элира цо, шена дегаза ду а моттуьйтуш. – Куьйгалла сайна тӏелоцур дац. Сан декхарш, болх дукха а, хан кӏезиг а йу. Хьуна гӏоьнна сайн отрядера уггар дика кхо эпсар а лур ву. Сан гӏоьнча Григорчук а, подъесаулаш Медяник а, Вертепов а.
Оцу тӏехь барт хилира шина эпсаран.
Тарски станицехь цхьаьнакхетта Дудниковн а, Григорчукан а ши отряд май беттан бархӏалгӏачу дийнахь ӏасса-хин чӏожахула хьала, къилбехьа, Борахчу-лома новкъа йелира.