кхечира.
Амма Вербицкийс областан начальнике рапорт делира, оцу операцехь отрядо иттаннаш обаргаш байъина, къуй, талорхой лецна, бахархошкара дуккха а герз даьккхина аьлла. Отрядо цхьа а обарг а ца вийнера, цо байъинарш, лецнарш машаре бахархой бара. Байъинарш а, лецнарш а хӏун нах бу толлуш а, схьадаьккхинчу герзан хьесап лелош а, йа бала болуш а ӏедал а дацара. Операцехь дакъалоцуш хиллачу салташа а, гӏалагӏазкхаша а шайггара кхуллуш, шайн турпала хьуьнарш дуьйцура. Цундела уьш турпалш санна тӏеийцира ӏедало а, хьолахойн йукъаралло а, мещанаша а.
Кавказан наместникан Воронцов-Дашковн омрица, цигара бахархой арентӏерчу йарташка а кхалхийна, Цӏорхе йагийра…