«Закъалтана хӏун йеана ахь?» – хаьттина паччахьо. Инарлин тӏемалоша лекха лам хӏоттийна байъинчу нохчийн кортойх. «Нохчийн халкъан илланча вийний ахь, цуьнан пондар беаний ахь?» – хаьттина паччахьо. Ца беана ша, аьлла инарлас. «Хӏета ахь нохчийн халкъ ца дийна, цуьнан хӏу ца дайъина. Илланча дийна мел ву, цуьнан карахь пондар мел бу, нохчийн халкъ лийр дац. Йуха а гӏой, илланчин корта а, цуьнан пондар а бохьуш вола», – аьлла, инарла эскарца йуха а лаьмнашка вахийтина паччахьо, бохуш, дуьйцу халкъо. Цундела нохчаша чӏогӏа лору илланча, сий до дечиг-пондаран. Хьо Шаляпин Федор, илланча ву, боху ахь. Со обарг лелачу исс шарахь дукха нах гӏиртина со ӏехо. Йамарт а, стешха а нах. Хьо царах ву бохург дац сан. Тӏехьаьжча, царах тера вац хьо. Хӏетте а хьо Шаляпин Федор хиларна тоьшаллина цхьа илли алахьа.
Хьаша воьхна хьаьвзира.
– Суна оьрсийн маттахь бен ца хаьа иллеш…
– Хӏумма а дац. Массо къаьмнийн иллийн йукъара цхьа мотт бу – цуьнан аз а, мукъам а. Тхо кхетар ду цунах.
– Нохчийн цхьа илли хаьа суна. Оьрсийн цхьана йаздархочо дӏайаздина. Обарг Хьамзатах лаьцна. Иза дӏаэр ду ас шуна.
Шаляпин, хьала а гӏеттина, масех гӏулч йуьстахваьлла, обаргашна тӏе а вирзина, дӏахӏоьттира. Цкъа хьалха церан хӏораннан йаххьашна тӏехула бӏаьрг а кхарстийна, тӏаккха шен хьажар лаьмнийн баххьашна тӏе а доьгӏна, илли долийра цо:
Подымемте песню большой старины,
Как были гехинцы Гамзату верны.
За Терек ушли от погони,
И лодками стали их кони.
Нагайки их веслами стали,
Шли кони, пока не устали.
Тогда, окруженны врагами,
Гехинцы легли за стогами…
Цуьнан цхьа шатайпа хазачу мукъамехь, башха аз, Теркан чӏожан бердашца шалхадуьйлуш, даьржира, оцу озо къарйира буьрсачу Теркан карзахе гӏовгӏа.
«Сдавайтесь!» – враги им кричали,
Их пули в кольчуги стучали.
«Довольно сверкать вам очами.
Нет крыльев у вас за плечами,
Чтоб в небо взлететь бы ретивым,
Когтей нет, чтоб в землю уйти вам!».
Вскричал им Гамзат: «Вы забыли,
Что крымские ружья – нам крылья!
Что когти нам – шашки кривые,
И мы не сдадимся живые!»
Шаляпина сих-сиха бӏаьрг тухура обаргашка. Цара гӏайгӏане ладоьгӏура иллин мукъаме. Царна хаьара иллин дешнаш. Цара шаьш а олура и илли, мостагӏаша гатте хьовзийнчу сахьташкахь…