Цуьнца салтий а бара. Солтамурдехь мокхаз биллина топ йара. И тайпа топ лело бакъо йеллера нохчашна. Амма Добровольский, цунна дена а, нанна а хьежош, цуьнгара топ схьайаккха гӏоьртира. Топ дӏайелча а, ша лаьцна дӏавуьгур вуйла хаьа Солтамурд, шед тоьхна, цӏеххьана говр а йадийтина, ведда кӏелхьарвелира. Хӏокху махкахь шена синтем хир боцийла хиъна, иза ӏаьнда вахара.
Тӏаккха Гушмацӏагӏеран цӏахь цхьа а боьрша стаг ца висира. Итт шо хенара Бийсолта воцург. Зударий ца ларабора дохнаца а, керт-коврачу гӏуллакхашца а. Солтамурд маьрша витахьара аьлла, дехар дан Беци а, Зезаг а Добровольскийна тӏейахийтира Зеламхас. Амма округан начальнико цаьршинца къамел а ца дира. Заддаш, кхахьпанаш бохуш, йаппарш йеш, эккхийра. Тӏаккха цхьана буса Зеламха ша вахара Добровольский волчу. Гӏопехь ха деш болу салтий Зеламхас кхерийнера. Цул совнаха, царна дош деллера цо начальникана цхьа а тайпа зен ца дан. Салташа къайллах гӏопа чу витира иза. Подполковник шен хӏусамехь охьавижа кечвелла карийра цунна. Зеламха, бӏаьрг ма-кхийтти, вевзира подполковникна, амма воьхна ца хьаьвзира. Хетарехь, иза тешна вара арахь сема лаьттачу салтех. Цул совнаха, Зеламха машарна веана аьлла а, хийтира цунна. Зеламхас, хьийзораш а ца йеш, къамел долийра.
– Полковник! Тхан а, Элсангӏеран а девнна йукъа а гӏоьртина, лецна тхо Сибрех дахийти ахь. Сох обарг винарг а хьо ву. Сан зуда жимачу бераца набахти а кхоьссина, цуьнга оцу чохь кхо бутт хан йаккхийти ахь. Къена сан да хьийзош, бӏарзвина, сох схьакхетийти ахь. Тхан мостагӏаша а чӏирах маьрша витина, цомгаш, гӏийла сан воккхахволу ваша а набахти воьллира ахь. Оцу дерригенах тоам ца хилла, дог ца ӏаьбна, хӏинца сан ваша Солтамурд а, хӏокху махкара эккхийна, Дегӏастана вахийти ахь. Тхан кертахь цхьа а боьрша стаг ца висина. Зударий ца ларабо бахамца. Солтамурд соьца а вац, ас лелочу гӏуллакхийн декъахь а вац. Цуьнан карах цхьа а стаг а ца велла, цо ӏедална дуьхьал дина хӏума а дац. И сан ваша ма хьийзавехьа, полковник, тхан йуьртахь, тхан кертахь маьрша ваха витахьа иза. Элсангӏеран а, тхан а мостагӏаллина йукъа а ма гӏертахьа. Иза тхан тхешан, нохчийн, гӏуллакх ду…