Гӏовгӏа хезна, схьаиккхинчу шина стражниках цхьаъ вийра, важа, чӏогӏа чов йина, охьавожийра. Обаргаш вокзала чу бевлча, кхеравелла телеграфист, шершшина, стоьла кӏел вахара. Иза кхераме воцийла хууш, цунна зулам ца дира обаргаша. Амма телеграфан а, телефонан а аппаратийн серий хедийра.
Уггар хала болх кассин цӏа чохь карийра царна. Цкъа тӏехула эчиг тоьхна неӏ йохо дийзира. Иза-м неӏсагӏина а, неӏарна а йуккъе лом доьллина, саттийна, схьайиллира цара. Стоммачу эчиган ши сейф схьайелла гӏерташ, дуккха а къахьега дийзира. Цкъа булий, варзап йеттара, и вокзал йекош. Тӏаккха даӏамца догӏанан го хадо гӏертара, тӏаккха лом сеттадора. Хьалхарчу неӏарш чухула шолгӏанаш а хиллера.
Зеламха сих-сиха неӏаре хӏуттура:
– Шу довла ца дохку?
– Хӏинца цхьа хӏума хуьлуш доллу хӏокхунах!
Цхьана сохьтехь къахьегча, шина а сейфан арахьара а, чухулара а неӏарш схьайеллайелира. Чохь ахча ӏуьллура, таппашка а нисдина, тӏехула тӏийригаш а йихкина. Уьш сихха гали чу кхийсира Саламбека а, Жабраила а.
Вокзалана гонаха массанхьа а тоьпаш йевлира.
– Девллий шу?
– Девлла!
– Же, ма ӏелаш! Гучудевлла вай!
Тоьпаш йеттарш эххар а самабевлла станицера гӏалагӏазкхий бара. Йуьхьанца хиллачух ца кхеташ, хӏаваэ хьала йеттара цара, тӏаккха вокзалера схьабогӏу обаргаш гича, цхьаберш дуьхьал а бевлла, тӏеетта буьйлира. Амма уьш саметта а баьхкина, вовшах а кхетта, тӏаьхьабовла кхиале, дуьхьалнисвелларг, тухий, вожош йа эккхош, шайн говраш тӏе а бахана, хаьхкина дӏабахара обаргаш.
Вокзалан кассера 18000 сом ахча даьхьира цара.
Гӏала хаам бича, станце кхечира Соьлжа-Гӏалин округан начальник подполковник Стрижев а, оцу буьйсанна гӏалахь нисвелла Вербицкий а, цуьнан метта таллархойн ханна отрядан начальник хӏоттийна полковник Веселовский а. Салтийн а, гӏалагӏазкхийн а орца даьккхира цара обаргашна тӏаьхьа. Амма Зеламха шен накъосташца тоххара лаьмнашка воьллера…