тӏеэцча, иза массо а агӏор бустий, терзанца узий, тӏаккха олура цо шен дош. Иза кӏиллолла дацара, иза кхерамах ларвалар, шаьш эрна хӏаллакьхила цалаар дара. Шен дегӏан, шен син ойла кӏезиг йора Саламбека. Накъостийн ойла йора. Царна бохам хила, уьш эрна хӏаллакьхила, ца лаьара цунна. Иза даим кийча вара, накъостий ларбеш, шен са дӏадала.
– Дика ду, Зеламха. Хьуна луучунна реза ву тхойша. Маца доьлху вай? – хаьттира Саламбека.
– Ма-хуьллу сиха. Ас Вербицкийга, кхо де даьлча, аьлла. Цига воьдуш суна кхузткъа стаг веза. Вайн накъостех итт стаг, арахьарчарех шовзткъе итт. Хӏонц йезарш дуккха а карор бу шуна. Амма царалахь уггар майранаш, собаренаш, тешаменаш, доьналленаш къастабе. Цигара деана ахча дерриг а царна дӏалур ду, ала. Вай ахчанан дуьхьа ца доьлху цига, вайн ӏалашо кхин йу. Бетарсолта, Жабраил, Жамаьлда, Абубакар цхьацца агӏор дӏасабахийта. Резаберш шайн талламах чекхбевлча, Атагӏана а, Чӏишкана а йуккъехь, некъ хьуьна чу булучу, дӏабахкийта. Цигахь ас цхьацца тӏеоьцур бу уьш. Царна вовшийн бовза а, цӏерш хаа а ца йеза. Кхаа тобане а декъаделла, гӏур ду вай Гӏизлара. Оцу кхаа тобанан коьртехь вай кхоъ хир ву. Муьлха тоба муьлхачу новкъа гӏур йу а, кхидерш а новкъа довлале дуьйцур ду вай. Хӏинца, цхьа минот а эрна ца йохуьйтуш, кечам бан арадовла. Амма шаьш балочу нахе вай доьлху меттиг ма йийца. Йоккха хӏонц йан доьлху аьлчахьана, тоьур ду.
Оцу тӏехь барт хилира церан…
Оцу лаьмнашкара Орга аренга долучохь, цуьнан аьрру берда йистехь, лома кӏел, йоккха йоцчу экъан тӏехь ӏуьллу Чӏишка. Цунна хьалха Органал дехьара лекха лаьмнаш ду, тӏехьа – къеначу хьаннаша хьулйина лекха рагӏ йу. Малхбалехьара схьа, Органан берда йистехула, хьаннашна йуккъехула беккъа цхьа некъ бу йуьртана тӏебогӏуш. Оцу некъана аьтту агӏор, хьуьна йуккъерчу жимачу ирзо тӏехь накъостий тӏеоьцуш хиъна ӏа Зеламха. Мара а, бӏаьргаш а доцург, йуьхь дӏакъовлуш, коьртах башлакх хьарчийна вогӏура цунна тӏе хӏора а. Иштта дара Зеламхин омра. Царна вовшийн йуьхь-дуьхьал ца бовзийта, цӏерш а ца хаийта. Гӏизларера цӏа дерззалц йаккха хӏоранна а шен йоцу цӏе туьллура.
Шовзткъе итт стаг схьагулвеллачул тӏаьхьа, хӏора тобанна