Тӏаккха хӏокхарна эхь ма хета хӏусамдайх. Шайн бераш дилхича а, ловзадевлла гӏовгӏа йаьккхича а. Тӏе, хӏорш тӏелацар кхераме а ма ду. Ӏедална хиъча, хӏусамда, лоций, Сибрех ма вохуьйту. Цкъацкъа берриг а доьзалца цхьаьна.
Мохьмадана а, ӏумар-ӏелина а, Лом-ӏелина а хӏун йу а ца хаьа Хорача. Уьш а, Ахьмад а цигахь а ца бина. Хӏокху лаьмнашкахь маьӏ-маьӏӏехь дуьнен чу бевлла. Муслиматана а, Энистана а гӏенах санна дагайогӏу шаьшшиъ йина йурт. Цхьацца суьрташ дагахь дисина. Лулахойн шайн хенара бераш а, шаьшшиъ цаьрца левзина меттигаш а. Къаьсттана шайн цӏенна гена доццуш, лекхачу ломах охьа, тӏулгашна тӏехула кхийсалуш, сетташ, хьийзаш догӏу сирла татол. Цунах «Йоьӏан чӏаба» олура наха.
Хӏокху йалх шарахь дукха меттигаш йевзина Зеламхин доьзална. Чӏебарлахь, Органан а, ӏассан а лакхенашкахь. Дукха хӏусамаш хийцина цара. Бӏаьвнаш чохь а, тӏулган хьехаш чохь а, жан гӏотанашкахь а буьйсанаш йаха дезна. Оцу халчу дахарх боьлла уьш. Чӏебарлахь болуш Соипа дола дора церан. Масех шо хьалха салташа лаьцна Соьлжа-Гӏала вуьгуш, Зеламхас кӏелхьарваьккхинчу гатийуьртахочо. Хӏокхарна ахьар а, дакъийна жижиг а, даьтта а, кӏалд а, нехча а латтайора цо. Хӏорш Чӏебарлара дӏабевлча, наггахь вогӏура. Хӏинца, хӏорш гӏалгӏайн махка гена бевлча, вогӏучуьра сецна.
Шо гергга хьалха Зеламхица хӏокхарна тӏевеана Бийсолта. Иза жима ву хӏинца а. Пхуьйтталгӏа шо бен дац цуьнан. Делахь а, мел жима велахь а, шайца боьрша стаг волуш сапаргӏат хуьлу ши зуда а, бераш а. Бийсолтас дийнахь а, буса а ха до царна. Белшах тесна топ лаьттах текха цуьнан. Турмал а хуьлу коча тосий, некха тӏехь кхозуш.
Хӏинца Маьлхастахь бу хӏорш. Йуьртахь бац. Гена лаьмнашкахь, ширачу шина бӏаьвна гонаха даьхни кхобуш бехачу маьлхийн масех доьзалехь туш карийна царна.
Арентӏе вахана селхана цӏа вирзинчу хӏусамдас хабар деара хӏокхарна, Зеламха лаца гулдеш эскарш ду аьлла. Иза-м дуьххьара а дацара. Зеламхина а, хӏокхарна а тӏаьхьа эскарша толлу итт шо ду. Делахь а Бийсолта сакх, сема хила веза. Сийсара набарна ши бӏаьрг тӏеттӏа ца бахана цуьнан.