салам, Мухьаммад-пайхамарехула бусалба адамашна Къуръан доссийна Дала. Оцу Къуръанца Мухьаммад-пайхамарехула Дала ши некъ гайтина бусалба адамашна. Цхьана агӏор – диканиг, оьзданиг, адамашна пайдениг, хьаналниг, къинхетамениг, стеган дуьне а, эхарт а декъала хир долу, уьш зенех-зуламех, бохамех ларбийр болу гӏуллакхаш а, гӏиллакхаш а. Оцу новкъа ваханарг Ша зенех-зуламех ларвийр ву, Ша цунна гӏо дийр ду, боху Дала. Шолгӏа некъ гайтина Дала, оьзда доцу, боьха, хьарам, къиза, адамашна зуламе, бохаме хир долу, церан дуьне а, эхарт а декъаза хир долу гӏуллакхаш а, гӏиллакхаш а гойтуш. Оцу шолгӏачу новкъа ваханчу стеган шегарчу къинхетаме, гӏоьне, орцане догдохийла йац, Ша иза зенех-зуламех, бохамех ларвийр вац, цуьнан дуьне а, эхарт а декъаза хир ду, боху Дала. Дала ваьшна, перз дина, тӏедехкина ламаз а, марха а, закат а, сагӏа а леладо вай, амма Дала бусалбанашна тӏедехкина важа декхарш кхочушдан ца хаьа йа ца лаьа вайна, оцу ас бийцинчу шина некъа тӏехь галдуьйлу вай. Уьш дерриг а дийца воьлча, дукха хир ду, цундела хӏокху шуна хиллачу бохаман бахьанаш дуьйцур ду ас. Кӏанта зуда йалор а, йоӏ маре йахар а муха хила деза, майрачун а, зудчун а, доьзалан а йукъаметтигаш муха хила йеза, церан декхарш хӏун ду, уьш дерриг а гайтина шариӏатехь. Йоӏа а, кӏанта а маре деш, оцу шиннан а, церан дай-нанойн а бертахь, шинне агӏорхьарнаш реза болуш хила деза. Бертаза, нуьцкъах йигна зуда хьарам йу боьршачу стагана. Шен цӏера, дена-нанна хьалхара арайаккхале, ши теш а волуш, имама мах бан беза маре дечу шинна йуккъехь. Маре деш долу ши адам Делах тешаш а, Далла ӏамал йеш а хила деза. И шиъ йа шиннах цхьаъ Далла ӏамал йеш дацахь, цаьршиннан мах бар ца магадо. Цул совнаха, мах бечу хенахь а, вовшех куьг кхетачу хенахь а догӏмаш цӏена, ламаз карахь долуш хила деза и шиъ. Мах бечу хенахь тоьшаллина хӏоттийна ши боьрша стаг а хила веза, Делах тешаш, Далла ӏамал йеш, догӏмаш цӏена, ламаз карахь долуш, цӏена, хьанала, йамартло йоцуш. Мах бале зудчух хьакхавалар хьарам дина, дихкина. Мах бале и шиъ цхьаьна ӏер зина лору, оцу хенахь кхоллавелла доьзалхо къутӏа лору, иза ийманехь хир вац, иза дена-нанна а, нахана а бале вер ву, боху.