Ӏасса тӏехула тӏай тогӏи готтачохь лекхачу шина бердан йистошна тӏе ши йуьхьиг а хӏоттош диллинера. Говзачу пхьераша, хьостамаш доцурш, кхин эчиг а ца эдеш, дечигах динера иза. Лакха тӏера чухьаьжча, цхьаццаволчунна бӏагор а богӏуш, лекха. Цунна тӏехула ворданаш ца лелара, йа уьш лела некъаш а дацара хӏокху лаьмнашкахь. Дуьхь-дуьхьал вогӏу ши стаг парггӏат морзахваллал шуьйра дара тӏай, ткъа говрахь вогӏург, говрара чу а вуссий, урх лоций, дехьа-сехьа волура. Гуттар а шех а, шен говрах а тешарг говра тӏехь а волура. Сатоссучу хенахь накъосташца цига веанчу Зеламхас шина кӏелоне дӏанисбира шен тӏеман ницкъаш. Шеца Азамат а, Мохьмад а, Бийсолта а витина, тӏайна нийсса дуьхьал лекхачу торха тӏе охьахиира иза. Отрядан йуьхь тӏай тӏе йаьлча, тӏетоха йезара оцу веаммо. Ткъа Элбарт а, Мута-ӏела а, Эдал-Гери а тӏайна пхи бӏе гӏулч лахахь торха тӏе охьахиира. Оцу кхааммо, Зеламхагӏара герз тоьхча, отрядан аръергардана тӏетоха йезара, салташна йухабовла некъ ца буьтуш. Ворхӏе накъостехь пхоьазза йовлу тоьпаш а, хӏорангахь а цхьацца бӏе патарма а, кӏелонгахь шаьш хьелахь а аьлла, цхьана денна кхача а, хи а дара.
Малх гӏушлакха баьлча, тогӏи чохь гучуйелира отрядан авангард. Хьалха говрашкахь гӏалагӏазкхийн, дегӏастанхойн дошлойн ши бӏо а, царна тӏаьхьа гӏашсалтийн ши рота а. Гуттар а тӏаьхьа говраш тӏехь отрядан сурсаташ, патармийн йаьшканаш, кхиерг йохьуш богӏура нуьцкъала арабаьхна гӏалгӏай.
Зеламха турмалца лерина хьоьжура тӏай тӏе кхочучу отряде. Говрашкахь хьалхаваьлла масех эпсар вара. Царах шиъ, Андронников а, Донагулов а, вевзира Зеламхина. Цигаьркаш уьйзуш, вовшашца къамеле ваьлла, шеквоцуш вогӏура и шиъ.
– Уггар хьалха эпсарш бойур бу вай. Ас Андронниковна тухур йу, ткъа ахь, Азамат, Донагуловна тоха. Мохьмад, ахь а, Бийсолтас а, барт а бай, шаьшшинна цхьацца къаставе.
– Э, Зеламха, со реза вац ахь бохучунна! Андронников суна вита веза!
– Хӏан-хӏа, Азамат, цо сан доьзал йийсаре бигна. Иза вен чӏагӏо йина ас.