– Цуьнан Воккхалло паччахьо, цуьнан ӏедало, пачхьалкхо тешам белла йуьртдай, имамаш, къеданаш хӏиттийнера шу йарташкахь. Шолгӏа, шайн къомах, цуьнан кхолламах жоп дала дезаш, цунах дог лаза дезаш, иза бохамех лардан декхар долуш, халкъан баьччанаш ду шу. Амма паччахьна а, халкъана а хьалха шайн декхарш кхочуш ца дина аш. Паччахьна а, халкъана а хьалха зуламе ледарлонаш йийлийтина аш. Шун дехаршца гӏалгӏайн халкъана тӏера дуккха а пачхьалкхан декхарш дӏадаьхна ӏедало. Гӏалгӏашна бакъо йеллера гӏалагӏазкхийн махкахь латта лело а, цигахь баха а. Тӏаьххьара а, шу реза долу Андронников шун округан начальник хӏоттийра. Аш тӏелаьцнера пачхьалкхан законаш лера а, кхочушдан а, пачхьалкхан декхарш такха а, шайн махкара зуламаш совцо а. Амма уьш а, пачхьалкхана хьалха кхин дуккха а шайн декхарш а аш кхочуш ца до. Мелхо а, дуьхьалдевлла. Шайна тӏера пачхьалкхан хьалхалера декхарш гечдича, керланаш а шайна гечдийр ду моттахь, ӏехаделла шу. Цхьа кепек а гечдийр дац. Аш тӏелаьцнера шайн махкахь зуламаш совцо. Уьш, мелхо а, алсамдевлла. Гобаьккхина талораш, къоланаш ду. Некъашкахула оьрсий дӏасабаха ца буьту, лечкъабо, бойу. Зеламха а, цуьнан разбойникаш а шун йарташкахь хуьлу. Уьш шайн йарташка ца буьтучу меттана, мелхо а, ларбо аш. Ши де хьалха ӏассан тӏай тӏехь Андронников отрядана кӏело йинчу Зеламхица пхи гӏалгӏа хилла. Уьш пхиъ а, кхиболу гӏалгӏайн разбойникаш а муьлш бу, хаьа шуна. Муха ца хаьа, шун хӏусамашкахь буьйсанаш йохуш а, аш царна герз а, даар-малар а латтош хилча. Шайна тӏера пачхьалкхан декхарш дӏатакха ши кӏира хан йу шуна. И хан чекхйалале аш декхарш ца такхахь, ас, йарташка эскарш а дахкийтина, керташкара даьхни, сал-пал нуй хьаькхна дӏадохьуьйтур ду шун. Тӏе, шуьга кхабийта йарташка салтий а хӏиттор бу. Оццу хенахь шайн коьрта разбойник Саламбек а, ӏасса тӏай тӏехь Зеламхица хилла пхи разбойник а схьа ца лахь, мацца а цкъа Зеламхин а, цуьнан разбойникийн а лар чуеана йарташ чим беш йагор йу, цигара бахархой Сибрех бохуьйтур бу. Цаьрца цхьаьна Сибрех бохуьйтурш шуна йукъахь хила а мега. Хӏинца тӏаьххьара а. Шу дерриг а шайн даржашкара дӏадоху ас.