йуккъехь. Йиша-вешина йуккъера марзонаш херлуш, хедаш йу, доьзалшкахь хьалхалера барт бац. Баккхийчу, хьекъалечу, ӏилма долчу нахах дагабовлуш, цаьрга ладугӏуш бац кегийрхой. Дай-наношка ладугӏуш дац бераш. Делан дош тергалдеш бац дуккха а нах. Дала бусалбанашна тӏедехкина пераз ламазаш до, марханаш а кхобу дуккха а наха, амма цаьрца цхьаьна, Дала ма де аьлла, дихкина зуламе гӏуллакхаш а леладо. Нахана моьтту, шаьш пераз пхи ламаз а дича, ткъе итт марха а кхаьбча, важа шаьш лелош долу зуламаш, лето къинош Дала шайна гечдийр ду. И нах ӏехабелла, царна моьттург бакъ дац! Вайн махкахь къоланаш, талораш, адамаш дайар, кхидолу зуламаш даьржина. Айхьа къахьегна, хьацарца ца даьккхина рицкъа хьуна хьарам ду, боху Дала. Ахь шена ца йинчу ӏамална ша гечдийр ду хьуна, амма ахь лачкъийна, мулкан да кхерийна, вийна хьайн доладаьккхина нехан хьакъ, рицкъа хьуна гечдан шен бакъо йац, эхартахь ахь цунах жоп дала деза, жоьжахатехь ӏазап такха деза, боху Дала. Нахана моьтту, керста адамаш талор, дайар къилахь дац. Дела массарна а цхьаъ ву. Дуьненара дерриг адамаш Цо кхоьллина. Оцу керстанашна рицкъа делларг а Дела ву. Керстанан долаллина тӏе куьйгаш кхийдийначо, лачкъийначо, цунах пайдаэцначо Далла хьалха жоп лур ду. Махкахь алсамдуьйлу адамаш дайар. Чӏиран мостагӏалла доцуш наггахь бен йурт йац Нохчийчохь. Шена хаа а хууш, бусалба вийначунна Дела оьгӏазвоьду, Дала цунна неӏалт олу, иза даим а жоьжахатин ӏазапехь хир ву, боху Къуръан чохь[4]. Йуха а боху Къуръан чохь, цхьа адам дер а, дуьненара дерриг адамаш дайар а Дала цхьатерра лору[5]. Ӏалайсалам, вайн пайхамара аьлла, адам дийнарг, хӏара дуьне дохийнарг санна, бехке хир ву Далла хьалха. Стаг вийначунна санна, ӏазап лур ду Дала стаг вен гӏо диначунна а. Ша вен, шен доьзал бен тӏелеттарг вийначунна гечдийр ду Дала, нагахь санна шен са, шен доьзал кӏелхьарбаккха цунна кхин некъ ца бисинехь. Бусалба а, керста а адамийн рицкъанна, долаллина тӏе куьйгаш ма кхийдаде, бусалба а, керста а адамаш ма дайа. Оцу къоланаш дечу, талораш дечу, адамаш дойучу цхьа кӏеззигчу нохчаша вайн къоман сий дойу, луларчу къаьмнашлахь вайн къоме цабезам, цатешам кхуллу. Делах