накъост вара. Бийсолта а вагарвича. Ша кӏелонна билгалйинчу меттигана гергахь ца сецира иза. Ткъа хӏокху Чермойн ломара, ӏабдуллин-дукъара дӏа, керайуккъехь санна, гора Ботлихана а, Веданна а йуккъера некъ. Къоьзан-ӏомана уллорчу некъан буткехь саца тарло комисси. Амма цигахь даим латтош ха ду. Зеламхас бӏаьргашна тӏелаьцначуьра дӏа ца йоккху турмал. Нагахь санна кхечу агӏорхула царна кхерам хилахь, кӏур болуьйтуш, цӏерш летош, хаам бийр бу жаӏуьша.
15-чу сентябрехь, де делкъенга долуш, новкъахь гучуйелира йиъ пайтон, царна тӏаьхьа говрашкахь виъ салти а. Шина пайтона тӏехь пхиппа дегӏастанхойн дошлой бара. Шинна тӏехь – инженераш, цаьрца цхьацца дошлой а.
Турмалца цаьрга хьоьжучу Зеламхин велавалар иккхира. Долидзена ӏовдал хетара иза. Ткъа Зеламхина, и комисси Ботлихера схьа новкъа ма-елли, хиънера инженерашца богӏурш муьлш бу. Долидзе, дегӏастанхойн шийтта дошло а, виъ салти а. И хаам шена тӏе ца кхаьчнехь а хуур дара, церан ковра гучу ма-еллинехь. Могӏара кхойтта ламанхо хӏунда ву цаьрца аьлла, шеквер вара. Ши-кхоъ хилча а, цхьа лар йара. Некъ гайта а, меттигаш йовзийта а. Цул совнаха, бӏаьрг ма-кхийтти, хуур дара уьш тӏемалой хилар.
Некъо голатухучохь, шинне агӏор тӏулган бердашна тӏехь, тархашна тӏехьа хьалххе дӏахӏиттийнера Зеламхас шен накъостий. Царна кхерам бацара, йаккхий тоьпаш тӏейиттича а. Амма новкъа богӏучеран, уьш мел дукха хилча а, левчкъина а, бевдда а хӏокхеран дӏаьндаргех кӏелхьарбовла аьтто бацара.
Кхераме киртиг тӏехӏоьттича, Зеламха даим а хьалхаволура накъосташна. Царна масална а, тӏетухург хьалха шена кхетийта а. Цкъацкъа мостагӏашна ша ца вовзийта, къасттийна шена тӏе ца йеттийта, шен йуьхь-сибат хуьйцура цо. Хӏинца цуьнан можана тӏехула тӏейоьллина цӏен мӏаьжаг-маж а, бӏаьргех доьхкина ӏаьржа куьзганаш а дара.
– Нагахь санна цара герз хьадахь, ас и гуьржи вуьйр ву, – элира цо накъосташка. – Тӏаккха аш тӏетоха. Хьаьддарг-веддарг ца волуьйтуш, салтий а, суьйлийн дошлой а байа. Инженераш дийна бита хьовса шайн ницкъ ма-кхоччу.
Зеламхина йуьхь-дуьхьал ца вевзара Михеевн нуц. Инженерашна тӏетоьхча, цаьрца цхьаьна иза а верна кхоьрура