Суьйлийн говраш дика ма йу. Тӏе, лаьмнийн хьелашкахь ӏамийна. Ткъа хӏара суьйлий шаьш, хӏокхарал цуьрриг а ца оьшуш, дика береш бу.
Шен говр аьтту агӏор дӏа а хьовзийна, урх дӏа а хецна, раз тӏехьа а вирзина, дошлошна йукъа топ йеттара Зеламхас. Цунна тӏегӏоьрттина вогӏура Бийсолта а, Бетарсолта а, Соип а. Берда йисте кхача ткъех гӏулч йисча, топ тоха йухахьаьжначу Зеламхина Бийсолта ца гира. Цуьнан говр сецна лаьттара, ткъа Бийсолта цхьа ког луьйтанахь болуш, говран агӏонца кхозура. Сиха говрара чу а иккхина, кӏантана тӏехьаьдира Зеламха. Уггар хьалха цуьнан ког луьйтанах мукъабаьккхира, тӏаккха цӏеша буьзначу коьрте хьаьжира. Коьртах кхеттачу дӏаьндарго хье дӏатеснера. Иза къилбехьа а верзийна, цуьнан меженаш дӏанисъеш, хӏара воллуш, хьаьдда тӏевеара Бетарсолта а, Соип а.
– Вайгара гӏо оьшучуьра ваьлла хӏара, Бетарсолта. Шу кӏелхьардовла хьовса.
– Хӏокхунна хӏун до вай?
– Кхузахь ца витича вер вац. Ваьшца хӏара дӏавига гӏоьртича, дерриг а хӏаллакьхир ду вай. Тхоьша бахьанехь накъостий хӏаллакьхуьлийла ца лаьа суна. И дошлой бусалбанаш бу. Йа бусалба динехь дакъа дӏадуллур ду йа схьалур ду цара.
– Ахь хӏун до?
– Сайн ницкъ ма-кхоччу, уьш совцо гӏуртур ву со. Шу кӏелхьардовла.
– Кхузахь хӏаллакьхила бакъо йац хьан, Зеламха!
– Дӏагӏо чехкка!
Дошлой тӏекхача бӏе гӏулч бен ца йисинера. Зеламхас топ йеттара. Наггахь дошло велла йа чов хилла, говрара чувужура, йа говран вортанна тӏе охьавоьдура, йа цхьа ког луьйтан чохь а болуш, говро текхавора. Зеламхин коьртехь уьйриг хилла ойланаш хьийзара. Тӏаьххьара ваша вийна цуьнан. Пхийтта шо долу жима ваша. Маьлхастахь, шеца дӏаваийта аьлла, Бийсолтас дехар дича, дог кӏаддела, дӏавигира цо иза. Шена уллохь хилча, цунна кхерамаза хир ду моьттуш. Хӏетахь цо Бецигӏаьрца витина хиллехьара иза. Цаьрца Сибрехь дийна хир вара. Мацца веана а, цӏа вогӏур вара. Хӏинца иза шен бехкенна велча санна, хетара Зеламхина. Иза воцург а. Ден да, да, ваша, ден вежарий, шичой. Беци а, Зезаг а берашца цхьаьна Сибрех бахийтарна а…
Хӏинца дошлойн йаххьаш къаьстара цунна. Шуьйрий, йехий, горгий. Ӏаьржа, хьаьрса мажош а, мекхаш а. Хьере цӏийделла бӏаьргаш а…