Караловн собар кхачийра. Иза стаг ца хеташ, жоп дара Зеламхас шоззе а делларг. Амма Караловс хоуьйтур ду цунна ша хьалха кхузахь хиллачу начальникех тера воций. Хьех-м хьовха, и берриг лам, аьтта, лаьттаца дӏанисбийр бу цо. Оцу разбойникца цхьаьна.
– Йоккха топ йуза! – мохь туьйхира цо артиллеристашка.
Дуьххьара тоьхнарг хьехан бертигна йуьстах кхийтира. Артиллеристаша йуха ниша нисдира. Амма мел цара ниша хьийзадарх, хӏоъ хьеха чу ца кхетара. Хьехан бертиг готта йара. Цул совнаха, бертехула чуваьлча, хьеха чу некъ хьийзаш бара. Бертигехула чукхетта хӏоъ, торхах а кхетий, йуханехьа а кхоссалой, оьккхура.
Шина сохьтехь тоьхна бӏе сов хӏоъ, цхьа тайпа пайда боцуш, эрна байра. Каралов гуттар а оьгӏазваханчу, воьхна хьийзачу хенахь полковник Моргания кхечира кхуза. Караловна ца везавелира иза. Ша схьа ма-кхеччинехь, Караловна цхьацца гайтамаш бан вуьйлира Моргания. Каралов шел лахара хеташ. Моргания полковник ву. Зеламха а, цуьнан гӏера а хӏаллакйар цунна тӏедиллина наместника. Шуьйра бакъонаш а йелла. Хӏинццалц схьа цкъа а, цхьа а кхиам ца хилла цуьнан. Эшамаш хилла. Керкетехь а, Соьлжехь а. Хӏетте а Караловн декхаршна йукъагӏерта. Ша чинехь лакхара ву, наместникан векал ву бохург хир ду цуьнан иза. Каралов подполковник бен вац. Цул цхьа тӏегӏа лахара. Амма, Моргания санна, эла ву иза а. Моргания гӏеран элалла маца дуьйна схьа ду, ца хаьа Караловна. Ткъа Караловгӏеран элийн тайпанан орамаш бӏешерийн кӏоргехь ду. Уьш дерриг ца хьехийча а, Каралов Ведана- округан начальник ву. Хӏокху округах махка тӏехь хуьлучух жоп дала дезаш. Цо шена хьалха гӏоьртуьйтур вац цхьа а.
– Эрна ду йоккха топ йеттар! – элира Морганияс. – Иза кхуза схьа хӏунда текхийна, ца хаьа суна. Салташка штурм йайта.
– И хӏун сонта хабар ду ахь дуьйцург? Киртагийн лами тӏехула цхьацца хьала а волуш, штурм муха йо? Шегахь герз ца хилча а, хьала мел ваьллачунна коьртах тӏулг бетташ бойур бара цо салтий!
Караловс Ведана пироксилинан шашканаш йан вахийтина ши гӏалагӏазкхи схьакхечира.
– Царах хӏун до ахь? – хаьттира Морганияс.
– Хӏун до? Хьеха чу кхуьйсу-кх!
– Берте а вахана, чукхийса воллу хьо?