Эххар а саметта веана Каралов, шеца Моргания, Мокрицкий, Масленников, гӏалагӏазкхийн есаул волуш, хьеха хьалавелира. Хӏорш чубаьхкича, цхьа масех стаг воцург, важа нохчий арабевлира. Хьеха чохь баьсса маьнга а, очакх а, цунна кӏел йовха йукъ а, цхьана сонехь масех пхьегӏа а йара. Зеламха вацара. Оьгӏазвахана, синкхетамах ваьлла лаьттара Каралов. Коьртехь кхин ойланаш хьийзара. Стомара Соьлжа-Гӏалахь ша дина дозаллаш. Михеевга йелла телеграмма. Кхуза баьхкина фотографаш. Стомара гӏалахь цуьнан багара даьлла массо а дош газеташа зорба тоьхна хир ду. Ткъа Зеламха вахана. Хӏинца Каралов муха хӏотта веза Михеевна хьалха?
– Муха вахана-те иза хӏокху чуьра дӏа? – элира Мокрицкийс, ойлане ваьлла.
– Хьанна хаьа. Сийсара дохк ма дара, бӏаьрга ӏоьттина пӏелг гур боцуш. Цунах пайда а эцна, къайлаваьлла хир ву.
– Со цхьана хӏуманах шек ву, – элира Морганияс. – Кхуза гулбеллачу нохчаша кӏелхьарваьккхиний-те иза? Со реза вацара селхана а, тахана а уьш кхуза гулбаларна.
– Иза аьттехьа а дац! Вайн бӏаьргашна хьалха цара кӏелхьара муха воккху иза?
– Атта. Ахь и нохчо хьеха чу ваийтича, Зеламха кху чохь хилла хир ву. Зеламха хьехахь вац аьлла, цо мохь тоьхча, ткъех стаг хьеха чу хьалавелира. Вай чудаьхкича, царах дукхахберш арабевлира. Царна йукъа а кхетта, дӏавахана хир ву Зеламха. Ткъа вайна цхьанна а иза йуьхь-дуьхьал ца вевза. Хьеха чу баьхкинарш а, арабевлларш а багарбан дагадеана хиллехьара, тӏаккха хуур дара цаьрца Зеламха араваьлла йа ца ваьлла. Со тешна ву, Зеламха кӏелхьарваккха ӏалашо йолуш, схьа а гулбелла, цара и спектакль хӏоттийна хиларх!
– Ахь дуьйцург гуттар а беламе ду, полковник! – ца вешира Каралов. – Нохчашна хуийла а ма дацара ас хьеха чу и стаг вохуьйтур вуйла! Суна сайна а цӏеххьана дагадеара иза.
– Хӏетте а, ас цхьа хьехар ло хьуна, – ца къарлора Моргания. – Айхьа хьеха чу хьажийна стаг а, тӏаьхьа кху чу баьхкина нохчий а сихха дӏалеца.
– Уьш хьанна карабо хӏинца?
– Царах масех стаг хӏинца а кху чохь ву. Уьш дӏалеца, тӏаккха цара буьйцур бу шайца хилларш.
Каралов Масленниковга хьаьжира.