Оцу кхайкхам тӏехь динадайша бохура, Хорачара схьаваьлла обарг Гушмацӏин Зеламха нохчийн къомана бале ваьлла, къомана бохамаш беш, зуламхо ву, цо схьалаьцна некъ шариӏатана дуьхьал бу, дуьненарчу муьлххачу а пачхьалкхо ишттачу зуламхочунна луьра таӏзар дийр дара. Зеламхас дийриг цхьана а хьекъалечу, адамалла а, ийман а долчу стага дийр дац. Оцу зуламхочух халкъ маршадаьккхинчу стагана ницкъ болчу Делера йоккха йал хир йу.
Газето зорбатоьхнера чӏирхоша байъинчу Зеламхин накъостийн цӏерш. Ширчу-Юьртарчу Гехин, Азамат-Юьртарчу ӏуспин, Ишхойн-Юьртарчу Жабраилан, Эвтарарчу Висхин, Несарарчу Мусин, Мута-ӏелин, Мохьмадан, Атагӏарчу Эскин, Гелдаганарчу Зеламхин, Цоци-Эвларчу Оьлснукъин, Экажерчу Эдалгерин, Энгал-Юьртарчу Элахин, Селахин, Гихтӏарчу Хьамзатан, Хьасанбекан, Гермачгерчу Берин, Шеларчу Абубакаран, Бийсолтин, Хорачарчу Гушмацӏин, Солтамурдан, кхечеран а. Газето йаздора, Зеламха а, цуьнан накъостий а халкъан дуьхьа, къоман маршонан дуьхьа ца бевлла обаргаллин новкъа, уьш, нах байъина, чӏирхойн бекхамах шайн синош довдийна лела, уьш талорхой, адамашдайархой, нохчийн а, гӏалгӏайн а къоман мостагӏий бу бохуш.
– Цхьана агӏор, бакълоь Соип-Молла а, ӏаббас-Молла а, – элира Овхьада. – Со а вац оцу обаргаший, талорхоший лелочунна реза. Цара ӏедалан хьаькам, оьрси, гӏалагӏазкхи вийча, маситта нохчо, лоций, Сибрех вохуьйту, ткъа цара оьрсий, гӏалагӏазкхий талийча, царна дина зен нохчийн йарташка бӏозза алсам токхуьйту. И талораш бахьанехь баккхий бохамаш хуьлу шайн доьзалшна рицкъа лаха Теркал дехьа балха баханчу мискачу нохчашна. Хӏинца-м шен къизаллина и обаргаш, талорхой бехке бо ӏедало. Амма и обаргаш а, талорхой а вайна йукъахь боцчу хенахь а ма хьийзийна ӏедало нохчийн халкъ. Дезткъа шарахь хаддаза тӏом бина Россис хӏокху Нохчийчохь. Оцу тӏамехь ах халкъ хӏаллакдина. Мосазза а йохоза, йагоза цхьа а йурт ца йисина. Хонкара кхалхийна. Сибрехь мел хӏаллакбина. Тӏом боцчу, машаречу хенахь халкъехь латто ӏазап. Харцонаш. Къизалла. Делахь а, оцу дерригенна а дуьхьал, маршонехьа къийсалур ма дац цхьана майраллица, герзаца, тӏамца.