– Муха ловр ду иза? – доккха садаьккхира ӏелас. – ӏедало халкъана тӏехь цхьа къиза акхаралла лелийча, ӏедална дуьхьал дерриг халкъ гӏотту йа цуьнан цхьаболу кӏентий гӏовтту бекхам эца. Иштта, йеха цхьа зӏе хилла, схьадогӏу хӏара хӏокху тӏаьхьарчу шина бӏе шарахь. Делахь а, деккъа герзаца, тӏамца, майраллица толам баккхалур бац вайга.
Овхьадана чӏогӏа халахетара нохчийн къоман тхьамданийн барт бохар. Цуьнан дог даьллера шалха цӏоганечу нохчийн хьолахойх а. Цхьана агӏор, Россин ӏедалца шайн йукъаметтигаш галйаха ца лаьара хьолахошна. Петарбухехь, Москох, Ростох, Новгородехь, Харьковхь, кхечу а шахьаршкахь гӏарабевллачу совдегаршца уьйраш йолчу церан шайн товараш цигахь дӏадохка а, цигарнаш кхуза схьакхехьа а дезара. Россин банкашкара кредиташ а оьцура цара. Цундела ӏедална хьалха къайлах цхьа цӏога лестадора хьолахоша.
Вукху агӏор, царна новкъа бара хӏокху нохчийн мехкан дай хилла, кхузахь когаш хецна паргӏатбевлла, охьахевшина оьрсийн, немцойн, англичанийн, французийн, бельгийцийн, эрмалойн хьолахой. Кхузара мехкадаьтта, заводаш, фабрикаш, банкаш, туьканаш шайн долахь хила лаьара. Цундела нохчийн хьолахоша къайлах шалха цӏога лестадора Зеламхина а, ӏедална реза боцчу, мелла а ӏедална дуьхьал болчу муьлххачу нохчашна а хьалха.
Овхьад дӏавахча, пхьуьйра ламаз а дина, вирд даккха ӏела охьахиъча, «даргӏ-диргӏ» аьлла, неӏарш тоьхна, вовшашна хьалхавала къуьйсуш, хьуьхьвоьлла садоьӏуш, цӏа чу иккхира ӏусманан ши кӏант. Церан йаххьаш тӏехь воккхавер а, дозалла а гора. Ша-ша хьалха ала гӏерташ, вовшийн дӏаса а тоьттуш, шаьш деанарг цхьатерра схьаӏанийра цаьршиммо:
– Дада!
– Ва, дада!
– Эвла Зеламха веана!
– Вайга вогӏуш ву, боху!
– Хьо волчу!
Ӏела шайга хаттар дан а кхиале, тӏекӏел неӏарх ара а иккхина, вахара ши кӏант.
Геннара схьа говрийн бергийн татанаш а, летачу жӏаьлин гӏовгӏа а хезара. Уьш тӏаьхь-тӏаьхьа гергагӏертара. Шина кӏантана цхьаъ тарделла хир ду-кх бохуш, хиъначуьра меттах а ца волуш, суьлхьанаш хьийзош ӏара ӏела. Амма дукха хан йалале говрийн бергийн татанаш севцира церан кетӏахь.