Цхьана баттахь некъ бира цӏерпошто. Йуьхьанца – къилбаседа-малхбалехьа, тӏаккха – хаддаза малхбалехьа. Корехула арахьаьжча, гора бес-бесара ӏалам. Йист ца гуш йаьсса, шера аренаш, раьгӏнаш, хьаннаш, даккхий а, кегий а хиш. Даим дӏа лерехь дара керчачу чкъургийн цхьанаэшшара татанаш, паровозо, йиш хаьлча санна, доьӏу са а, станце кхочуш, хьоькху цӏогӏа а. Цхьацца станцешкахь паровоз чу хи дуттуш, даго дечиг тӏедоккхуш, соций, йехха лаьттара цӏерпошт. Тӏаккха, меттахйолий, ӏаьржа кӏур туьйсуш, малхбалехьа дӏаоьхура.
Йуьхьанца цӏерпоштан некъаца йолу меттигаш, йарташ, хиш, хьаннаш гуш самукъадолуш, кор къуьйсуш, арахьуьйсура бераш. Масех де даьлча, иза кӏордийна, цхьацца ловзарш вовшахдетташ, туьйранаш дуьйцуш, хан йойура цара. Хӏора дийнахь дийца керла туьйранаш а ца хуьлура, цхьатайпа ловзарш а кӏордийра. Хӏинца уьш дукхахьолахь набарш йеш ӏохкура. Мелла а самукъадолура церан салтичо купе чу кхача беача. Гӏаддайна кхача бара иза а. Ӏаьржа бепиг а, чохь копаста йа берцан ӏов кхехкийна сирла чорпа, йа коча худар. Оцу кхачанах боьллера уьш набахтехь. Цабевллачу денна буура. Мацалла кӏел ца диса.
Баттахь гергга некъ бича, Красноярскехь цӏерпошта тӏера охьа а биссийна, хинкеман тӏеховшийна, къилбаседехьа дӏабигира уьш. Къилбаседехьа дӏа мел гӏоьрти, хи шорлора. Кеман тӏехь а, лаха чохь а шатайпа доккха ши цӏа дара тутмакхаш чохь латтош. Божаршна а, зударшна а, вовшех къастийна. Кхузахь а Бецигӏарна шайнна жима каюта къастийнера. Наггахь цхьана-шина сохьтана палуби тӏе хьалабовлуьйтура уьш, цӏенчу хӏаваэхь садаӏийта. Бакъду, пассажирашна улло ца бохуьйтура. Бакъо йелча а, цаьрца къамел дан оьрсийн мотт ца хаьара царна. Оцу сохьташкахь гора царна и исбаьхьа, шуьйра Енисей, цунна тӏехула, морзахдуьйлуш, дӏасалела тайп-тайпана хинкеманаш а. Шиний агӏор генахь луьста, лекха, йуькъа хьаннаш а, наггахь кегий йарташ а.
Къилбаседехьа мел гӏоьрти, шело чӏагӏлуш хаалора. Хин шина а йистонца стомма ша гора. Деа дийнахь некъ бича, церан кема цхьана жимачу йуьрта уллохь сецира. Кеман тӏе хьалаваьллачу шина жандарме дӏабелира уьш хӏетталц хӏокхарна ха деш хиллачу салташа.