Оьрсийн халкъе шен маршо йаккхалур йац, цо кхечу халкъийн а маршонехьа ца къийсахь.
В. И. Ленин
Россин колониальни ӏазапна дуьхьал, шен маршонехьа нохчийн халкъан хӏора болам бусалба динах окхура паччахьан ӏедало а, официозни историкаша а. Нийсса аьлча, бусалба дин йукъара бехке ца дора цара. Нохчийчохь цхьа болам болабелча, меттигерчу а, столицерчу а зорбанехь шуьйра пропаганда йолайора нохчашна дуьхьал. Кавказехь а, йерриг имперехь а дехачу халкъийн цаьрга цабезам, цатешам кхолла, нохчаша схьалаьцначу новкъа и халкъаш ца довлийта, йа вуьшта аьлча, шайн маршонехьа ӏедална дуьхьал уьш ца гӏовттийта.
Оцу пропагандин идеян коьрта чулацам иштта бара. Нохчий шайн кхетамца кху заманна генна тӏаьхьабисина, иза эзар шо хьалха адамийн хиллачу кхетамца дехаш акха къам ду. Шаьш бусалбанаш бу бахахь а, амма Къуръано а, Мухьаммад-Пайхамаран суннаша а бусалба адамашна тӏедехкина декхарш нохчаша аьттехьа а кхочуш ца до. Ша къахьегна ца даьккхинчу рицкъана, нехан долаллина тӏе куьг ма кховдаде, боху цаьрга Аллаха а, Мухьаммад-Пайхамара а. Ткъа нохчаша къоланаш, талораш до. Вовшашлахь а, кхечу къомах, кхечу динехь адамашна а. Ша кхоьллинчу адаман са ма даккха, боху Дала бусалба адамашка. Бусалбанан а, кхечу динехь волчу стеган а. Бусалба адам дийначун йалсаманега дог дохийла йац, иза эзар-эзар шерашкахь жоьжахатин цӏергахь вогур ву, боху Дала. Ткъа нохчашна хӏумма а доцург хета стаг вер. Вовшийн а воь – нохчо, бусалба. Кхечу къомах, кхечу динехь верг а воь. Бусалбанаш цхьа вежарий а, йижарий а бу, уьш муьлххачу къомах, муьлххачу басахь белахь а, царамуьлхха мотт бийцахь а, боху цаьрга Дала. Царна йуккъехь барт, машар, нийсо хила йеза, боху. Къаьмнаш, тайпанаш, тукхумаш ма къестаде, боху. Бусалба динехь тобанашка ма декъало, боху. Ткъа нохчашна шайна йукъахь а барт, машар бац. Уьш тайпанашка, тукхумашка, вирдашка бекъабелла. Доккхачу тайпано жимачу тайпанна, нуьцкъалчо, хьолахочо гӏорасизчунна, къечунна, мискачунна ницкъ бо. Зуламхо сацаве, ца сацахь, цунна таӏзар де, боху цаьрга Дала, амма нохчаша иза ца сацаво, цунна шариӏатехь догӏу таӏзар а ца до.