Амма оьрсийн пачхьалкха чохь, оьрсийн пачхьалкхан ӏедална кӏел йолчу Закавказье оьрсашна некъ бихкина туземцаша. Цара, лечкъа а ца деш, даррехь схьадуьйцу шайна оьрсий цабезар. Къаьсттана эрмалоша. Хьалха Россехь бехачу а, шайн махкахь оьрсийн паччахьана гӏуллакхдечу а эрмалоша шайн фамилеш, цӏерш оьрсийчарах тарйинера. Масала, Микоянца – Меликов, Аванесяна – Аванесов, и. дӏ. кх. а. Фамилиийн чаккхенаш «янц» а, «ян» а, «ов», «ев» бохуш хийцинера. Ткъа хӏинца хьалха шаьш оьрсийчарах тарйина и фамилеш а, цӏерш а эрмалойх меттахӏитто боьлла. Каталикоса Макарияс, Эрмалойчохь-м хьовха, Россехь бехачу эрмалошна а вовшашка оьрсийн мотт бийцар дихкина. Шайн эрмалойн къам шира къам ду, оьрсий цӏоканийн духар а дуьйхина, хьаннашкахь акха баьхначу заманахь эрмалойн шайн пачхьалкх, йоза-дешар, истори, лаккхара культура хилла бохуш, дозалла до цара. Хӏинца цхьа политически йукъаралла кхоллайелла цигахь, «Къона Эрмалойчоь» цӏе йолуш. Россех дӏа а къаьстина, цхьаннах йозуш йоцу эрмалойн пачхьалкх кхолла ӏалашо йу оцу партин. Хонкарара бевдда баьхкина эрмалой а шайн махкахь дӏатарбо. Нагахь санна и зуламе идея зӏийдиг хьалайалале хӏаллак ца йахь, эрмалойн ун даьржар ду имперехь. Кхана «Къона Гуьржийчоь», «Къона Чуваши», «Къона Мордва», «Къона Якути», «Къона Юкагири», кхин а, кхин а политически йукъараллаш кхоллалур йу. Царах ун дер ду кхечу къаьмнашна а. Тӏаккха Россин импери, дакъош хилла, йухур йу. Меттигерчу къаьмнаша шайн мехкашкара оьрсий дӏалохкур бу. Цуьнан ойла ца йо таханлерчу оьрсийн ӏедало!
– Кавказехь вайн ӏедал тӏех кӏеда дуй-те, моьтту суна, Алексей Павлович.
– Чӏогӏа а, кӏеда а – дан а дац. Цигарчу вайн ӏедалан коьртехь волу наместник номинальни оьрси ву. Иза дуьххьалдӏа кирхьа ду туземцашна. Цунна тӏехьа а левчкъина, шайна луъург до цара. Закавказьехь массанхьа а ӏедалера дӏабохуш бу оьрсий. Масала, муьлш бу цигахь наместникан гӏоьнчий? Петерсон, Мицкевич, Борман, Венденбаум, Баккел, Тизенгаузен, Бауэр, фон-Парнау, Фольбаум, Рудольф, Колберг, Штернберг, Кийкер, и. дӏ. кх. а. Цхьа а оьрси вац!