– Нохчийн вовшашлахь бац барт. Уьш санна, вовшашца хьагӏ-гамо йолуш къам ца хаьа суна дуьненахь. Амма арахьара кхерам тӏегӏоьртича, вовшашна йукъара хьагӏ-гамо а, мостагӏалла а дицдой, бертахь гӏовтту уьш. Цундела нохчийн амалш йевзарг цецвер вац цара Россина дуьхьал дезткъа шарахь тӏом барах. Нохчаша дин лелорах дийца гӏоьртира со. Исламан кӏоргалла ца йевза царна. Цуьнан кӏорггера ӏилма хууш молланаш кӏезиг хиларна. Цундела бусалба динера кхета атта дерг, безамехь дерг схьаоьцу цара. Цхьа наггахь воцчо малар ца молу, томка ца узу. Цара дика тӏеэцнарг шайн мостагӏашка – гауршка, оьрсашка – цабезам бу. Гаур а вуьйш, ша вала кийча ву нохчо. Велча, хӏумма а ца дов цуьнан. Дуьненахь къен-миска, меца, гаурийн ӏедална кӏел ӏазапехь ву иза. Ткъа цуьнан кхетамехь, велча, вукху дуьненахь шена йалсамане, хӏуьрлаӏа мехкарий, шурин татолаш хирг хиларх теша. Къаьсттана, ша гаур вехь, йа гауро ша вехь. Нохчочун бахам хӏумма а чолхе бац. Цхьа десятина латта, цхьаъ-шиъ бежана, ши сту, масех уьстагӏа берг хьолахо лору. Дукхахболчу нохчийн латта дац, йа кӏезиг ду иза. Куйна кӏел, вертана кӏел хоъал. Бежанаш, уьстагӏий, доцца аьлча, даьхни доцурш дукха бу. Амма уггар къечу нохчочун а дика говр а, тоьлла герз а ду. Бераллехь дуьйна цхьа сатийсам бу нохчочун – шен майралла, хьуьнар гайтар. Гауршца тӏамехь. Гауршна талораш деш. Оьрси-гаур ву цуьнан мостагӏ. Шен махка а веана, шегара цо мохк дӏабаккхарна. Маршо дӏайаккхарна. Ша лолле верзорна.
Пенах кхозучу доккхачу сахьте бӏаьрг туьйхира Алексей Павловича. Исс сахьт долуш хан йара. Цӏа гена ваха ца дезахь а, дорце аравала сагатдора цо.
Арахь дарц жимма а лагӏделла хиларе дог даьхна, коре а вахана, арахьаьжира Липранди. Ӏаьржа бода боцург, гуш хӏумма а дацара. Амма чехкачу махо дегадора тӏе лайн шатӏ хьахабелла коран ангалеш. Тховх хьалакхаччалц пенаца шкафаш чу хӏиттийнчу безчу механ книгашка хьежа хӏоьттира иза, хӏусамден къамеле ла а доьгӏуш.
– Тахана хӏоьттинчу хьолах кхета вешан къоман дӏадахнарг хаа а, цуьнан ойла йан а дезара вай. Делахь а вайна ца лаьа и хаа а, цуьнан ойла йан а. Сутаралла, къизалла йу вайгахь. Вайн пачхьалкхан йерриг а истори тӏом бу.