бӏаьрг а болуш, лекхочу дегӏара стаг оьрси вара. Салам луш тӏеваханчу Ахьмада, куьйгаш а лоцуш, роггӏана маракъевлира и шиъ, цаьрца волу нохчо а.
– Хӏара Петр Егоров ву, – элира ӏаьржачо. – Ткъа со Николаз Беридзе ву.
– ӏаламат дика хета суна шу сайна девзина. Ӏелас дукха дийцина тхуна шух лаьцна. Дӏа дош мосазза олу, шун цӏерш йохура. Охьаховшал.
Хьешашка хьал-де а хаьттина, тӏаккха ӏусманна тӏевирзира Ахьмад.
– Хӏума йиъний кхара?
– Жимма кхетта.
– Дика ду. Дийцал, хьеший, муха хилира гӏуллакх?
Хьеший, боьхна, вовшашка хьаьвсира. Цецвелира ӏусман а.
– Хӏумма а дац, кӏентий, дохий ма хьийза. Суна хаьа шуьшиъ лаа ца веаний. Схьаала шаьш деанарг, баланаш ӏийша ӏемина ду тхо.
«Ахь дийцахьа», – бӏаьргашца дехар деш, Петрога хьаьжира Николаз. Ткъа Петрон меттиг бацара кхечунна тӏетатта.
– Хаьа тхуна, Ахьмад, адамашка ца лабалла баккхий баланаш аш ӏийшиний, муьлххачу а бохамана сатоха шуьгахь собар а, къонахалла а йуйла. Цундела майрра олу ас: ӏела воцуш ву…
И шийла кхаъ шена тӏе хьалххе кхаьчнехь а, Ахьмадан йуьхьо бос хийцира, цӏоцкъамаш дусаделира. Цунна гира ӏусманан бӏаьргаш тӏунлуш. Бӏаьрнегӏар тухучу йукъана ша дӏатесна къонахалла йуха а йерзийна, гӏовталан кочара ветанаш дӏа а даьхна, ӏусмане вистхилира иза:
– Къонах хила, ӏусман, къонах. Иштта киртигаш йу дуьненан. Хийланна тӏехӏиттина уьш. Амма собар хила деза. Хьан ден, цуьнан нийсаройн – тхан а, тхешан дай, вежарий тӏамехь эгча, бӏаьргех хин тӏадам ца баьлла. Ма ӏийжара дегнаш, ма хала дара дейтта-пхийтта шераш бен хенаш йоцчу тхуна и бохамаш лан. Делхарх нисдала хӏума дацара. Царах дисина герз кара а оьций, церан метта дӏахӏуьттура. Иштта хила деза шу а, ӏусман. Дийцал, Петро…
– ӏусман, тхо кхета хьуна хьан дагах, – бохура Петрос. – Дог ӏовжош хӏума ду да-нана далар, и къахьо ас а мелла. Амма сан да шозза вели, ӏусман. Миска ӏела хьан да хилла ца ӏара, хьуначул а чӏогӏа везарий-те аьлла, дукхавезара тхуна иза. Цундела боху ас, сан да шозза велла: со шен цӏийх схьаваьлларг а, и санна, ас сайн да лийрина, везаш хилла ӏела а. Каторгехь цо шен дахаран некъ буьйцуш, бӏаьргех хи туьйсуш, ладоьгӏура накъосташа. Цуьнан хьуьнаро, оьздангалло, собаро