Дӏаволавелла Хьомсуркъа а, цунна тӏаьхьахӏоьттина масех стаг а сацийра, доцца лергина маж-мекх а долуш, оьрсийн духарца кечвеллачу шовзткъе итт шо хенарчу стага.
– Хьомсуркъа, ас цхьа-ши дош аллалц совцийша. Дукха латтор дац шу.
Хьомсуркъагӏар дегаза йухабирзира. Нехан гӏовгӏанаш дӏателлац собаре ладоьгӏуш а ӏийна, мохь ца хьоькхуш, куьйгаш дӏаса а ца лестош, оьздда къамел дира стага:
– Йуьртахой, вежарий! Кхузахь динчу къамелах сайна хетарг ала лаьа суна. Саьӏада дийцинарг округан начальника шена тӏедиллинарг ду. Цунах лаьцна, ӏедало лелориг йоккха харцо йу алар бен, кхин дийца хӏумма а дац сан. Амма Хьуьсас а, Хьомсуркъас а доцца динчу къамелех масех дош эр ду ас. Хьуьса, хьо ӏеламстаг, йуьртан къеда цӏе йолуш ву. Делан дош адамашка нийса дӏакхачо а, церан дегнаш чу дижо а, уьш нийса кхето а декхар долуш ву хьо а, хьо саннарш а. Ахь тахана Делан цӏарах, Дала аьлла бохуш, дина къамел нийса дац, ахь нийсса бӏостанехьа а даьккхина дийцира. Шайн куьйга кӏелхьарчу халкъана йукъахь нийсо, барт, машар, ийман-беркат латтош, халкъан бала болуш, халкъах доглозуш болчу паччахьашна а, церан хьаькамашна а муьтӏахь хила, цара кхайкхийначу ӏедалца нийса некъ а бе, боху Дала. Амма и паччахьаш а, церан хьаькамаш а, ӏедал а харцонаш, йамартлонаш лелош, халкъ ӏазапехь, лоллехь латтош белахь, церан ӏедал халкъана зуламе, бохаме делахь, царна муьтӏахь ма хила, церан метта Ша бохучу некъашца куьйгалла дийр долу, цӏена, хьанала, къинхетаме паччахьаш а, хьаькамаш а хӏиттабе, ӏедал а кхолла, боху Дала. Тахана вайна тӏехь волу паччахь а, цуьнан хьаькамаш а, церан ӏедал а Дала бохучу некъаш тӏера бевлла. Цара халкъаш лоллехь, ӏазапехь дахкадо, цара харцонаш, йамартлонаш лелайо, цаьргахь къинхетам бац, уьш къиза бу. Цундела оьрсий а, Россера кхидолу халкъаш а царна реза дац, уьш паччахьна, цуьнан ӏедална дуьхьалдевлла. Ткъа ахь паччахьна а, кхузарчу цуьнан хьаькамашна а реза боцчу нахана жоьжахатица кхерамаш туьйсу, царна дуьхьал верг Далла дуьхьал ву, иза жоьжахатин цӏергахь вогур ву, боху. Гуш лаьтташехь харцдерг ма дийца…
– Эхӏ, ма бакълоь хьо, Овхьад!
– Дала догдика де хьан!