доху чарх а дӏакъовлур йу. Тӏаккха аш йалта мичахь охьур ду, цӏенойн гӏирс-коьчал мичахь йоккхур йу, кӏади, коч-хеча, кад-ӏайг, бел-шада, кхиерш мичара оьцур йу? Кхечу йарташка лелар ду шу? Муьлш бу и хабарш дуьйцу нах? Хӏокху йуьртара ара а бевлла, Бӏаьн-некъал лаха а бовлаза нах бу-кх. Йозанах цхьа элп а, шинна тӏе шиъ тоьхча маса хуьлу а ца хууш нах бу-кх. Карахь бурмах бовла шай а доцуш, нах бу-кх. Москохара, Ростохара, Петарбухера товар а дохьуш, дохка туькана охьадиллалур дуй оцу нахе? Дика ду, туька а, хьер а, чарх а йуьллур йу цара. Тӏаккха нахана маьхза товар доькъур ду цара? Йа бол ца боккхуш, йалта охьур дуй? Йа маьхза ханнаш чорхах дохур дуй? Ас-м цхьа гӏаддайначун йалта бол ца боккхуш охьу, херхах дечиг а йоккху, туьканара туьха-мехкадаьтта а, тай-маха а ло. Иза а дийр ма дац суна и хабарш йуьйцучу наха. Шайн долчун а, нехан долчун а ши бала болуш, и ӏаьржа дегнаш лелха дохку церан!
Малхбузу ламазан хан гергагӏоьртича, цхьацца-шишша воьдуш, майданара дӏабуьйлура нах. Тӏаьххьара а гӏевттира баккхий нах.
– Аш хӏун олу хӏокху гӏуллакхана, Лорса? – царна тӏевирзира Саьӏад. – Со йуьртда хиларх, йуьртана тӏе дика-вон деача, цуьнан бала кхача безарш а, листа дезарш а шу ма ду. Лакхарчу ӏедало, кхана схьа а деана, йуьртан къаной схьагулбе, эр ду соьга. Шу хӏун дан дохку тӏаккха?
Лорсас ойла ца йира жоп лоьхуш.
– Йуьртах жоп дала, тхо йуьрто хаьржина къаной а дац, Саьӏад. Пурстопа а, ахьа а цӏерш йаьхна билгалдар бен. Йуьртара нах оха аьллачуьнга ладугӏур долуш боцийла а, хаьа хьуна. Уьш жоьпе, таӏзаре озо тхан ницкъ а бац. Тхоьга жоп деха ца оьшу ахь а, лакхарчу ӏедало а. Шолгӏа. Ахь дагардина декхарш такха долахь, хӏора доьзало цхьацца бежана дохка деза. Дукхахболчу нехан кертахь цхьацца бежана а, атталла газа-уьстагӏа а дац. Цхьана болу цхьа йетт боьхкича, бераш шуьрех хедар ду, сту боьхкича, гӏуллакхаш кхин а галдевр ду. Нехан аьттонаш бац, Саьӏад. Цу тӏе, ахь ма-дуьйццу дукха а дац йуьртана тӏера декхарш. Аш хьарамлонаш лелайой-те, моьтту тхуна. Адамийн собар кхачийна, Саьӏад. Адамаш оьгӏазе ду. Хьо а дукха тӏехваьлла чугӏерта нахана. Жимма собаре а, ларлуш а хила.
Вовшийн ӏодика а йина, шайн ӏасанаш а луьйзуш, дӏасабекъабелира баккхий нах.