гӏоьртича, царна дуьхьало йира ас. Оцу тӏехула оьгӏазло а йина, суна тӏера ах декхар бен дӏа ца даьккхира. Тӏе къорза истанг а даьхьира. Зуда, и саьрамсекх а, кад а, оккхало а лохьа соьга, берам кечбе ас.
Хӏун дара а хаац, хӏокху хӏусамехь хан мел йолу, ша цхьа дагна гергарчу адамашна йуккъехь волуш санна, паргӏат хетара ӏелина. Дегӏана цхьа хаза там беш йара товханехь йогу йоккха летта цӏе. Буркъаш туьйсуш, кхехкара товханарчу очакха тӏе хӏоттийна кӏай долу чуьйнан йай. Цӏенкъахь, голаш тӏе а лахйелла, хьолтӏамаш йеш йоллура хӏусамнана. Хьакхийна ахьаран межарг, холаха бухь баьккхина, ирахь лаьттара текхахь. Цунах кӏез-кӏезиг межаргаш а дохуш, цкъа буйнахь горгдеш, тӏаккха, кера йуккъе теӏош, чӏапдеш, цхьана агӏор текха охьадохкура цо. Жимахдолу кхо бер а доллура, нанас шайна беллачу межаргех йина кегий сискалш алу тӏехь йатта гӏерташ, товханна хьалха хьийзаш.
– Гуттар а хьийкъина деанчу шарахь тхешан йалтица халла бӏаьстенга довлу тхо, – дуьйцура хӏусамдас, саьрамсекхан цергаш цӏанйеш. – Цхьа йетт, ши стуй ӏаьнах баккха Теркйисте боьлху кхузара цхьаболу нах. Масех стаг цхьаьнакхеташ, мехах дежийла а лоцуш. Мах луш, цхьана ханна лело латта а оьцу. Латта долчу деца йукъахь и лело а боьлху. Хала хуьлу доьзалх а, йуьртах а ваьлла, цигахь масех баттахь болх бан. Гӏаддайна боьлху-кх. Хӏинца цига латта лело дахар а, ӏаьнах даха цига даьхни дигар а дихкина, боху, тхуна Буритӏарчу цхьана воккхачу хьаькамо. Оцу берашкахь дерг го-кх хьуна, ӏай кху чуьра арадовла де дац церан. Тӏедуха а дац, когадуха а дац. Берзина бу. Боцу аьтто, тӏеетта налогаш. Тӏехула тӏе, цкъацкъа, балабой, йуьрта масех баттана салтий ховшабо нахе кхабийта. Цара дуург-мерг новкъа дацара, тхан делахьара. Шайна доьгӏнарг бен дуур дарий цара? Новкъа дерг кхин хуьлу. Оьздангаллех чо бац церан догӏмашца. Хьакхарчий йу-кх, боьха хьакхарчий. Шишша-кхоккха охьахааво хӏора керта. Шайн ворхӏе ден баьрчехь санна, эвхьаза лела. Тӏекхаьчнарг йуу, хазйелларг дӏаоьцу. Кертара говр а, стерчий а, ворда а церан гӏуллакхна кийча, даим дӏахӏиттийна хила деза. Кертара а, арара а хьайн гӏуллакх дойла мичара хуьлуьйту хьан. Салтий дӏабахча,