карадеанчу ахчанах эцна-кх. Хьаьнгара эцна? Тӏамой, мацаллой, къеллой, паччахьан ӏедалой божарий а баьхьна, шайн долара лаьттан коржам дуьйш-дерзош лело ницкъ боцуш, берашна сискал а йоцуш, кӏелбисинчу зударшкара цхьа сахь, гирда йалта а луш, эцна-кх. Йа и зударий, бераш ӏехош. Йа кхерош, шайн доладаьхна. Йа цхьадерг, ахь ма-аллара, ӏедало совгӏатана делла.
Нийсо йацар, харцонаш, йамартлонаш ӏелина дукха гинера туркойн а, оьрсийн а мехкашкахь. Амма харцо ца йезачу, ворхӏе дайшкахь дуьйна оьзда, къинхетаме хиллачу бусалба нохчашна йукъахь ишттаниг хир ду, ца моьттура ӏелина. Цунна дагадеара ши бутт хьалха Петрос шега дина къамел: «Оьрсийн паччахьо шайн мохк дӏалаццалц элий, хьоладай боцуш, шайн лаамехь даьхначу нохчийн къомана ца йевзина харцонаш, йамартлонаш, къизалла. Амма хӏинца шуна а йевзар йу. Шу а декъалур ду шина декъе – хьолахошкий, къехошкий. Хьалхарчара и шолгӏанаш ӏазапехь, лоллехь латтор бу. Хьолахой кӏезиг бу, къехой дукха бу, амма паччахь а, ӏедал а, дин а, эскарш а хьолахошкахьа ду. Хьайн махка цӏа вирзича, и дерриг а хьайн бӏаьргашна гур ду хьуна». Хӏетахь ӏела ца тешара Петрос шега дийцинчух. Ткъа хӏинца иза бакъ карийра цунна.
– Муьлш бу-те и Делах бевлла нах?
– Айхьа хӏун дуьйцу хаьий хьуна, Андри? – велавелира ӏусман. – Царна-м ца моьтту шаьш Делах девлла! Шаьш Делан уггар гергара нах хета царна. Панта-Хьаьжина, Хьуьса-Моллина, ӏабдина, Саьӏадна, Инарлагӏарна, Чӏонакъагӏарна. Уьш а, кхин а бу хӏокху йуьртахь, хӏара дерриг а дуьне дӏахуьйдича а, бузур боцуш!
«Шун а, тхан а динехь, йа, вуьшта аьлча, бусалба а, керста а динехь, Дала аьлла бохуш, дуьйцу, ша адамаш цхьатерра бакъонаш йолуш, маьрша кхоьллина, царна массарна а рицкъина ӏалам а кхоьллина. И ӏалам дерриг а адамийн йукъара ду, цхьадолчу адамашна эшам а беш, кхечаьрга иза шайн дола ма хьийзаде, боху Дала. Ша массарна а цхьатерра бакъонаш а, маршо а йелла, вовшашна йуккъехь нийсо ларъе, ницкъболчара гӏорасизнаш, гӏийланаш, къен-мисканаш охьа ма теӏабе, уьш лоллехь ма латтабе, цаьрца харцонаш, йамартлонаш ма лелае, ша жоп доьхур ду шуьга, ша бекхаме таӏзар дийр ду шуна, боху Дала. Амма вайн динадайша Дала