Оцу пхье́гӏаша дина долу гӏулкх ба́рам бо́цуш доккха а хилле́ра. Сиха жимма дисинчу дакъаделлачу кхоьнах цӏе а латийна, йалгӏо цӏерга хӏотти йара на́нас, бе́рийн бӏаьргаш сатийсарца хьоьжуш а долуш. Кестта йалгӏонна чу тесинчу дашон басахь кӏана буьртагийн хьожа йе́лира жимчу тоьлана чохь! Уггаре хаза хьожа хӏокху доккхачу дуьненна чохь! И хьожа жимчу шина йоӏана шаьшшиъ дуьненчохь мел йе́ха дагахь лаьттара йолуш хьожа йара. Пенаха букъ гӏортош хьала нийса йира на́нас ше́н ши йоӏ, ирахь ӏен де да́цара бе́рийн, хьалха диллира йовлакх, оцу йовлакхна тӏедоьхкира кӏан буьртигаш, сиха шелдалийта, бе́рашка довхачу буьртигашка бага ца йагайайта, «хӏуп-п!» а о́луш.
- Цхьацца буьртиг оьцуш кхаллалаш, сан диканиш, цӏаьххьана дукха кийра хӏума дахача аша ловр дац, мацалло кӏеладитина шу. Жим, жима даалаш! Аса шу дуззалца доийтура ду шуьга тӏаьхьа… Жим, жима… Жим, жима, - тӏе «хӏуп-п!» бо́хуш бе́рашна довха, дашон кӏана буьртигаш даадора на́нас.
Ши йоӏ дукха гӏелйелла хиларна, хӏинца а кхе́таш йа́цара хуьлуш долучух, халла дагабо́гӏуш бара цаьршинна йуучу хӏуманан чам. Маликаша ӏехайеш, шайца дӏакхойкхуш лаьтташ дара шина йоьӏан кегийра миска синош хӏокху тӏаьхьара деношкахь. Хӏинца Маликаш а дара, хетарехь самукъадаьлла бе́рашка хьоьжуш, бе́рийн халла къажарах, иштта ду аьлла хетара.
- Со дукха ца хьенлуш схьайо́гӏу. Хӏинца шайна наб кхетийта аша. На́баро ницкъа лур бу. Вайн лулара баккхийра нах бу мацаллин карахь, царнна вайга данлу гӏо дан деза, - аьлла, жимма йуза а йина, ши йоӏ чохь йолчу тӏелхигашна буха йоьллира на́нас.
Ша́, ӏожаллийца, ше́ло́нца къевсина толамца даьккхина рицкъа, кӏанийн буьртигаш, цхьа жимма бен ца дуьтуш ше́н га́ли чуьра кхин тӏоьрмигана чу а доьхкина, и четахь къуьйлуш, йуха а ше́ло́нга а́раиккхира Ребаӏат. Зудчуна хаара муьлхачу тоьлана чохь, ӏожалло лаг лаьцна, да́ла орца до́цуш, гӏо дан стаг во́цуш, Де́ле ӏо́жалла йоьхуш, ше́ло́но ша́ дӏабуьгура бу бо́хуш, мацалой, цамгарой хӏорш ше́н хье́ший бу бо́хуш, улло́ра гергарнаш кхелхина дӏабевлла баккхий нах. Мох санна сиха дӏахьаьдира зуда царех шега ваккхалург ӏожаллин карара ваккха. Теша хала ду-кх, цхьабо́лу баккхийн нах, божарий а, зударий а, шайна орцаха йаьлла Ребаӏатас деъна долу дуьненан рицкъа, схьа а ца оьцуш,