Мичахь йу хьо, мичахь йу хьо хӀинца,
Сох цецйийлла мацахле́ра йоӏ?
Мичахь кхачий сан сийлаллин рицкъа,
Мичахь тий сан деган йилбазмохь?
БӀаьргаш дуьйхи, жовхӀарш да́ха Ӏана.
Со схьагулва́н хьо ма ца тоьи!..
Сох цецйийла хьо йицйелчахьана,
Со дуьне цецда́ха вицвели...