***
Б.М.
Сан ваша, дуьне доькъуш,
Вай цӏе́ра девлла хилла.
Ла́маз деш санна доькхуш,
Вай вешан некъах тилла
Некъ лоьху, хьакъ схьадоь́ху.
Дуьнено лерг ца ухьу:
Вай тӏаьхьадисна, бо́ху.
Ца дуьйцу — маца, му́ха
Тилла и вайна до́гӀург
Кху хе́нах, кху дуьненах.
Малхба́ле йа Малхбузе
Ве́рас йан мила гӏерта.
БІаьрг белха йа бӏаьрг буза
Хӏун ду вай леха, хетта
Цигахь — йа игӏахь, йа мигӏахь.
Э́харте́ луьйта ло́цуш,
Маса да́ вайна вели,
Те́зетахь ӏен да́ во́цуш,
Йукъархо хуьлий Де́лан,
Шех тилахь, деш вай къилахь.
Вай Да́лла дуьллу има*
Кӏезга ду, царна гергахь.
Йа ца́ра боххург дер ахь,
Йа динехь дац хьан ӏилма —
Хьан са́гӏа, ла́маз, марха.
Дуьненан а ву ше́н ве́рас,
Дуьне вайн «декъалдина», —
Совет-цавет импереш.
Вай девлла, ца́ра дийна,*
Ца хилла, уьш ца хиллехь.
А́кха вай — цӏийнах дина,
Бо́данах даьхна серла.
Да́ха вай къо́балдина,
Шайниг бен, бо́цуш кхерам,
Ткъа шайх тилахь,
деш вай къилахь.
Бух бо́цуш вуьйлий баьрче
Иза йа важа вайна?
Хӏу санна хохийн ӏаьрчех
Дужу, дӏабаьржаш шайна, —
«дІабийнарш» це́ран тӏебийлла.
Цаэшнарг царна а́рахь,
Вайн хийра хилла во́гӏу.
Махьарх* верг вайн цӏахь валахь,
Вай сихло кӏарлагӏа йогӏа,
ЦІе кхолла, и дийна дӏаволла.
Хӏетте а йесаллин бен
Дац царна «доькъуш кхаьчнарг».
Латта къе мел дели бен,
Хе́нан церг-кхе́ла ца хаьрца.
Вай ойла
цу хе́нах йойла.
Хьешах бен баьрче ца доь́хуш
Хье́къал а, хье́къалан да́ а,
Гуттар а а́ра лерг доьгӏу.
Чекхдаьлла хӏа́ра деса да́хар, —
Цхьа за́ма хир йай вайн за́ма-м!
Вай ойла цу за́манах йойла,
Вайн не́нан маттахь и йойла.
Таррашца
даккхацаделларг,
Тӏулг буьллуш
доттацаделларг
ХІоттор ду, дина ша дашо,
Вайн нохчийн меттан цу дашо.
Абдулаев Леча 2002 шо
____
*Ийман
**Цхьамма дӏавийначохь ваьлла вац, о́луш ду нохчийн.
***Де́х а, на́нах а цӏенна схьаваьлла.
[агӏо — 86-88]