Дуьненах тийсинчу некъаша
Бахьанаш хӏиттадахь йовза хьо,
Сайн седа-жайни тӏехь де́къала
Ган луур ду су́на йо́за хьох.
Бӏаьстенан мукъамехь дегачу
Аьзнаша ва́гийна волчу ас,
Хьан когабахаза хьегамаш
ӏехийна, хӏоттор йац холчу хьо.
Амма хьан синтемах хьаьрчар ву,
Къаьхкина э́хартан кхерамах.
Хьан къинош сайна тӏехьерчадеш,
Махьшаре хьур бу ас це́ран мохь.