Хӏокху Дуьненахь адамийн тобанан, кхетамца, цхъана маттаца, дуънене хьежамашца кхиъначу халкъан я къоман шена юкъахъ цӏе йоккхуш къаставой, оцу къоман дика-вон шен сица кхобуш, дагца къуъйлуш, эхъ-бехкан, доъналлин, собаран а ма-сал хуълий лаътташ стаг-къонах хуълу. И стаг-къонах, ше-гахъ къоман эс лардийриг, эхъ-бехкан хехо, замано ха харцарх шен юъхъан чкъор, амал, дог-ойла ца хуъйцуш лаътта, наж-дитт санна лаъмнашкахъ, мацах-цкъа дайша йоъгӏна бӏов сан-на. Цуънан дахаран некъех а, цуънан Дашах а хан-зама яларца къилба хуълу, адамаллин, къинхетаман, доттагӏаллин, сто-галлин, собаран гечонах тиллачунна нисвала гӏо деш. Массо а къаъмнийн бу яздархой-хъехамчаш, къонахий, къаной, дешан охӏланаш, са цӏена нах. Церан ницкъ кхочу шен къоман лаза-мах кхечу къаъмнийн дог лазийта, диканах кхин къаъмнаш даккхийдейта. Цара шаъш бинчу кхоллараллин балхаца, къа-хъегарца, хъанал хиларца бакъо йоккху бакъдерг ала, мел къаъ-хъа иза делахъ а. Ишттачарех ву Нохчийн Халкъан яздархо Айдамиров Абузар.
А. Айдамировга кхаьчнарг кхаж баълла кхаъчна таж, дарж дац, ткъа къоман кхолламах бакъдерг: «Маршонан кӏентий», «Еха буъйсанаш», «Лаьмнашкахъ ткъес», «Дарц», «Лаъмнийн некъашкахула», «Кӏант веллачу дийнахъ», «Кхолламан цхъа де»... романаш, повесташ, дийцарш яздарна, дуъненахъ ша мел дукха вахарх дӏасатаӏа йиш йоцу жоъпалла ду.
И жоъпаллин деза къонахчун таж корта айббина лело хъе-къал, кхетам, собар ду цуънгахъ. Цундела оъху тайп-тайпана говзаллаш, корматаллаш, амалш йолу адамаш цуънах дагадов-ла, цуънга шайн лазамаш бийца, цуънан кхетамечу, хъекъале-чу даше ладогӏа. Дуккха а хаттаршна жоъпаш карор ду хӏара книга ешначунна. Цундела, хазахетарца зорбане а кеч-бина, оха шун беша аътто хуълуъйту А. Айдамировн «Вайн амалш...» — нравственно-философски болх.
Сумбулатов Дени