Зуда уггар хьалха нана ю. Цо кийрахь хала лелаво доьзал хо, хала дуьненчу воккху/ Къорӏан, 31 сура, 14 аят; 46 сура, 1 аят/, лазарша хьийзош, яларна кхерам болуш. Исс баттахь не нан кийрахь цуьнан кхача буу беро, дуьненчу даьлча шина нн рахь ненан некхах декхаш кхуьу иза /2 сура, 233 аят/. Бера мацделча, дилхича иза дакхо хьалагӏуьттуш, буьйсанаш набарза, сема хуьлу ненан. Шен беран са ца далийта шен са дӏадала кий-ча хуьлу иза, цундела зударий, уггар хьалха наной, дуьхьал хуь-лу муьлххачу а тӏамна, адамийн цӏий ӏанорна, адамаш дайарна.
Къорӏан чохь а, шариӏатехь а бусалбанашна доьзал кхолла-рехь а, иманехь кхиорехь а тӏедехкина декхарш а, хьарам дина дихкинарш а ду. Бусалба стага и декхарш кхочушдеш ца хилча, хьарам дина дихкинарш лелош хилча, цуьнан доьзал кхуллуш йоккхучу хьалхарчу гӏулча тӏера дӏа талхадо Дала бусалба ада-машна тӏедехкина декхарш,цундела вай иманах, оьздангаллех дохаран коьртачу бахьанех цхьаъ ду иза.
Зудчун бертаза, нуьцкъах маре йигна зуда стагана хьарам йо шариӏато. Маре деш долу стаг а, зуда а возшашна реза доцуш я шиннах цхьаъ вукхунна реза доцуш и шиъ цхьаьнатоьхча, цаьршиннен дахар декъаза хуьлу, доьзалехь барт, марзо ца хуь-лу, ден-ненан юкъаметтигаша зуламе ӏаткъам бо берашна. Цун-дела цамагадо шариӏато йоьӏан бертаза, нуьцкъах маре ялар а, йигар а.
Маре йоьду йоӏ, иза а, цуьнан да-нана реза а долуш, церан хӏусамера араяккхале, йоьӏан а, кӏентан а гергарчийн векалшна хьалха шиъ теш волуш, юьртан имама я къедас там-мах бина дӏайига еза/ 4 сура, 25 аят/. Маре деш долу шиъ я шиннах цхьаъ Далла ӏамал еш дацахь, цаьршина юкъахь мах бар ца магадо/ 2 сура, 221, 236 аяташ/. Мах беш я зуда юьтуш теш хӏоттийна шиъ стаг Далла ӏамал еш, дог цӏена, тешаме, хьанал хила веза/ 65 сура, 2 аят/. Мах бале кӏанта йоӏах куьг тохар доьхку шариӏато. Ткъа мах бале и шиъ цхьаьнаӏер хьарам, зина лору, и шиъ иштта цхьаьна а ӏийна кхоллавелла доьзалхо зинах кхолладелла къутӏа лору.
Мах бечу хенахь йоӏ юьгучу кӏанта бина тӏелацамаш /там, урдо, совгӏаташ, кхидерг а/ йозанан барта тӏе дӏаязбо, цунна буха куьйгаш яздо маре дечу кӏанта, йоӏа а, имама, шина тешо а. Има-ма мухӏарца чӏагӏбой, и барт йоӏе дӏало.