Вайн халкъ махках даьккхинчу хенахь официале эладита-наш даржийра цунна таӏзар даран бахьана иза 1917-1920-чу ше-рашкахь революцина дуьхьал, тӏаьхьа тӏедогӏучу шерашкахь Со-ветийн ӏедална, ткъа фашистски Германина дуьхьал Даймахке-хьа тӏамехь нохчийн дакъалоцуш а бацара, республикехь бандитизм а яра, бохуш. И эладита ца сацош, вай Даймахка цӏадирзинчул тӏаьхьа а, зорбанехь дижа ца дуьтуш, СССР-н хал-къашна дагатуьйсура.
Хӏетахь оцу харцонашна, эладитанашна дуьхьал лоцуш дерг, къоман сий лардеш ойуш байракх яра Октябрьски революцига-хьа, Советийн ӏедалехьа къийсамехь, Сийлахь-Боккхачу Дай-мехкан тӏамехь нохчаша гайтина турпала хьуьнарш. Хӏетахь дозаллица цӏераш йохура оцу шина а тӏеман турпалхойн. Хӏинца вайна маршо яьллачу хенахь уып бицбар цхьана а гӏиллакхца Ца догӏу.
Амма шайн къоман сий лардеш эзарнаш кӏентий тӏеман Цӏергахь хӏаллакьхуьлучу хенахь, къоман сий бехдеш лелла нах а оара. Уьш дукха ца хилла, амма хилла. Доьзалан сий дайа, Доьзална тӏехтохам байта оьзда воцу, зуламе цхьа доьзалхо а тоьа.
Граждански тӏом болчу хенахь «цӏечаьргахьа», «кӏайчаьрахьа» а боцуш, шина а агӏорчарах леташ лелла тобанаш хилла. «Цӏенащ», «кӏайнаш» бойуш, цаьргара герз, тӏера бедарш йохуш, талораш деш лелаш. Масала, тхан агӏор, Хасин-Юьртана тӏе леташ, талораш деш. Бераш, зударий, къенанаш бойуш. Цера хӏусамашкара йийбар, неӏ-кор, кхин ерш Нохчмахка схьа а кхоь хьуш. Тахана санна, Гуьмсана, Гезлойн-Эвлана юккъехула аьч кан некъашкахула цӏерпошташ дӏасайовла а ца юьтуш.