Амма оцу пачхьалкхехь законаш а, низам кхочушдеш, лардеш а цуьнан органаш — милици я полици, прокуратура, суьдаш, эскарш делахь, машаречу къинхьегамхошна шайн долахь герз ца оыиу. Пачхьалкхо ша совцабо зуламхой, ша ларбо царех хьа-нал къахьоьгуш, машаре бехаш болу шен гражданаш.
Тахана шайга хӏиттина халонаш наха ялхийча ӏедалан куьй-галхоша олу, вай керла пачхьалкх кхуллуш ду, иза кхолла дук-кха а хан еза, коммунисташна керла пачхьалкх кхолла масийт-та шо дийзира, ткъа вайна иза кхоллар цхьана-шина шарахь чекх-даккха лаьа. И бахьана далочара ца дуьйцу, коммунисташа шайн пачхьалкх муха кхоьллира а, иза муха пачхьалкх яра а. Боль-шевикаша кхоьллинарг дуьненахь цкъа а ца хилла, эца масал доцуш, ша-тайпа керла тоталитарни пачхьалкх ма яра. Церан гимнехь олущ ма-хиллара, шираниг дерриг а дохийна, аьтта дӏа.а даьккхина, цуьнан херцорашна, овкъаршна тӏехь керланиг кхул-луш, миллионаш адамаш тоьпаш а етташ, лагершкахь хӏаллак а деш. Шайл хьалхалера ӏедал, пачхьалкхан юкъараллин дӏахӏоттам а буххера дуьйна дӏабаьккхира большевикаша. Лат-та, хиш, заводаш, фабрикаш, адамаш а пачхьалкхан долалле дер-зийра. Хьалхалера олаллин классаш, царна гӏуллакх дина ин-теллигенци, динадай лоьцуш, бойуш, махках бохуш хӏаллакбира. Церан меттигаш дӏалийцира йоза-дешар ца хуучу, боданечу ре-волюционераша а, «топ йолчу» наха а. Хӏетталц халкъаша бӏешерийн дохалла кхоьллина ӏилма, культура, гӏиллакхаш а «буржуазни» хилла аьлла, дихкира. Дукха ду уьш, дийца воьл-ча. Цундела, дуьненахь цкъа а ца хилла социалистически, тота-литарни пачхьалкх кхолла большевикашна масийтта шо дий-зира. Дуьненна а хаьа цара и керла пачхьалкх мел акхачу, къи-зачу некъашца кхоьллира. Иза дуьненара дӏаяьлча а, дӏа ца долуш, шен болх беш ду цо даржийна ун.