Законаш, ни-зам цаоьшурш, къоман барт хила цалуурш, хьанал къахьега цалуурш халкъана ямарт нах бу. Пачхьалкхан законаш лелаш ца хилча, ӏедал гӏорасиз хилча, иштачу нехан аьтто хуьлу харцо-наш лело, зуламаш дан. Вуьшта аьлча, имам Шемала ма-аллара, вайн къомана даима санна, тахана а шен диканиг лакхаваккха гу а, зуламхо чутаса ор а оьшу.
Муьлхха а цивилизованни къам, пачхьалкх беа бӏогӏам тӏехь лаьтта — дешарна, могашаллина, культурана, экономикана а. Царех коьртаниг — дешар, ӏилма ду. Дешаро, ӏилмано къоман хьекъал, кхетам кӏаргбо, шарбо, къомо эзарнаш шерашкахь кхоьллина, гулдина диканиг, пайдениг, оьзданиг, хазаниг, ӏилма, истори, мотт, культура, говзаллаш тӏаьхьарчу тӏаьхьенашка дӏалуш ларйо, кхин тӏе кхиайо, дуьне довзуьйту, дахарна ӏамадо. Вайн къоман тахана а, кхана а, гуттаренна а оьшург ши ӏилма ду — къам иманехь кхио бусалба динан ӏилма а, къоман дахар кхолла — дуьненан ӏилма а.
Бусалба динца ду адамаша дахарехь кхочушдан деза дерриг хьекъалениг, диканиг, оьзданиг, къинхетамениг, комаьршалла. Бусалба дино гойту стаг дуьненахь а, эхартахь а декъала хир волу дерриге некъаш. Бусалба динехь нисдалар — иза ду тахана а, тӏейогӏучу заманахь а вайн къам халонех, бохамех, зуламех кӏелхьарадохур долу, вайн къоман сий-ларам лакхабоккхур болу, вайн махкахь иман-беркат латтор болу, вайн дуьне а, эхарт а декъал хир долу цхьаъ бен боцу некъ. Цундела, вай бусалба ди-нан ӏилманан кӏоргенеш ӏамо еза, вешан махкахь а, арахьа бу-салба мехкашкахь а бусалба динан ӏилманчаш кечбан беза. Кху-захь а, арахьа мехкашка а деша бохуьйтурш Делах а, Къемат-дийнах а, халкъан неӏалтах а кхоьруш, шайн къоман кхолламах дог лозуш, къомана тешаме, хьекъале, оьзда, къинхетаме кегийр-хой хила беза. Иштта нах хӏитто беза маьждигийн имамаш а, хьуьжаршкахь куьйгалхой, хьехархой а. Бусалба динан ӏилманал совнаха царна цӏена хаа беза нохчийн мотт, истори, культура, гӏиллакхаш, ӏадаташ а.