Юьстах а ваьлла хьо дӏахьаьжча, цхьа исбаьхьа спектакль хилла хьан бӏаьргашна хьалха схьахӏуттург. Цу эскарна юкъавогӏучу хӏора стеган ког-куьг хьадар, меттахвалар чӏархъаьлла цхьана эшарехь нислуш хилла, ша балетехь санна.
Хьалха юкъабовлуш хилла Керлачу Зеландин, Австралин панарчаш. Шайн цӏерш хьала а латайой, уьш бийша дӏабоьлхуш хилла.
Царна тӏаьхьа рагӏ Чин пачхьалкхан* панарчашка кхочуш хилла. Шайн хелхардина бевллачул тӏаьхьа кирхьана тӏехьа къайлабовлуш хилла уьш. Тӏаккха тӏекхочуш хилла Россерчуй, Индерчуй панарчийн рагӏ. Тӏаккха – Африкерчуй, Европерчуй. Цул тӏаьхьа Къилба – ӏамаркерчу. Цул тӏаьхьа – Къилбседа ӏамаркерчу. Уьш цкъа а гӏалат бовлуш а ца хилла, шен хеннахь бен цхьа а сцени тӏе волуш а ца хилла. Цӏенна бакъ долуш, цхьа безамехь сурт хилла и.
Ноьврерчу* полюсехь цхьаъ бен йоцу панар лато езачу панарчанний, къилберчу полюсехь нийсса цунна дуьхьал нисвеллачу панарчанний – деккъа цу шиннан дахар хилла дукха атта а, гӏайгӏа боцуш а: шаррахь цкъа шайн и гӏуллакх кхочушдичхьана, волуш хилла и шиъ.
Чӏоггӏа цхьа забаръян дагдеъча, лаахь а, ца лаахь цхьа аьшпаш ца буттуш ма ца ӏалой. Панарчех дуьйцуш, цхьацца хӏумнаш тӏедитти ас. И бахьна долуш, вайн планета дикка ца евзачу нехан цунах цхьа харц ойла кхоллаяларна кхоьру со. Ма-дарра аьлча, Лаьтта тӏехь адмаша дӏалоцург башха йоккха меттиг а яц. Нагахь санна ши миллиард цуьнан вахархо, митингехь санна, цхьа тоба йина, цхьана метте гулвелла дӏахӏоьттича, йохалла а, шоралла а ткъа-ткъа миль* лаьттан кийсиг тоьур яра царна, цхьа а гатто йоцуш дӏатарбала. Тийначу ӏапказ-хӏордан уггар жима гӏайре тоьур яра, Лаьтта тӏехь мел долу адам белш белшах тоьхна дӏахӏотто.
Баккхийнаш-м, хьаха, аш и алахь, тешар ма бац. Шаьш цхьа йоккха меттиг дӏалоцу моьттуш бу уьш. Царна шаьш сила-а даккхий хӏумнаш хета, ша баобабаш санна. Вай дуьйцучух ца тешахь, шаьш нийсса хьесап дан гӏорта ала аш цаьрга. И къамел царна товр ду шуна, терахьаш дагдоьхна бала ма бохку уьш. Ткъа аш, оцу арифметикан хьесапийн ойлаеш, эрна хан ма яйа, Оьшуш дац шуна. Шу иштта а ма теша сох.