– Хьо вогӏуш, хӏоразза а цхьана хенахь вогӏуш хилалахь, – дехар дира Цхьогало. – Масала, хьо диъ сахьт даьлча вогӏуш хилча, кхо сахьт даьлчахьана дуьйна, со ирсе хеташ, дагах гилгаш дуьйлуш хир ду со. Йиллина хан герга мел гӏоьрти а, кхин а чӏогӏа хир бу сан сатийсам. Диъ сахьт долуш, хьо цаварна кхераделла, синтем байна хьаьвзар ду со. Суна ирсан хама хуур бу! Цкъа цхьана хенахь, тӏаккха вукху хенахь хьо ван воьлча, суна сайн дог муьлхачу ханна кечдан деза хуур дац... ӏадаташ лоьруш хила ма деза.
– Ткъа уьш хӏун ю – и ӏадаташ? – хаьттира Жимчу эло.
– Уьш а ду-кх адмаша тоххарехь дицдинчу хӏумнех цхьаъ, – дийца хӏоьттира Цхьогал. – Билггал цхьа де вукху массо а дийнах, цхьа сахьт вукху массо а сохьтах тера доцуш ден хӏума. Масала, суна тӏаьхьалелачу таллархойн иштта ӏадат ду: хӏора еари де ярташкарчу мехкаршца хелхабуьйлуш, синкъерамашкахь дӏахьо цара. Цхьа исбаьхьа де ду и – и еара! Со, сайн лела арадолий, церан кемсаш тӏе кхаччалц дӏадоьду. Ткъа таллархоша и хелхарш шайн аьтто баьл–баьллачу хенахь деш хилча, массо де а цхьатерра хир дара, сан цкъа а садаӏийла хир дацара.
Жимчу эло Цхьогал а карӏамийра. Тӏекхечира къаста деза хан а.
– Со хьуна сагатдеш, доьлхуш лелар ду, – элира Цхьогало.
– Хьо хьо ду-кх бехке, – элира жимчу эло. – со хьуна лазам хинболу хӏума дезаш вацара, хьуна хьайна лиира, ас хьо карӏамадойла...
– Дера лиира, – элира Цхьогало.
– Хӏинца хьо доьлхуш лелар ду-кх!
– Дера, лелар ду.
– Делахь-хӏета, ас хьуна бинарг бала бу-кх.
– Бац, – реза ца хилира Цхьогал, – соьга кхаьчнарг зовкх ду. Кӏен дашо кенех ас хьайна дийцинарг дагдаийта.
Цхьа хан елира, иза кхин дист ца хуьлуш. Тӏаккха цо тӏетуьйхира.
– Вало, оцу розанашка хьажа кхин цкъа а. Хьайн роза – дуьненахь а цхьаъ бен доцург дуйла, хуур ду хьуна. Сан ӏодика ян хьо юхавеъча, ас хьуна цхьа къайле йовзуьйтур ю. И сан совгӏат хир ду хьуна.
Жима эла розанех бӏаьргтоха вахара.