Эццахь ша цхьа чӏогӏа воккха пекъар хийтира цунна. Цуьнан хазчу зезаго, ша санна дерг, ерриг анакевна* талларх, карор дац бехира кхуьнга. Ткъа хӏинца кхунна хьалха тӏетохий, тӏерадаккхий хӏума доцуш иза санна долу зезаг духхьалдӏа цхьана бешахь пхи эзар дара!
«Ма дог а детӏар дара-кх цуьнан, хӏинца шена хӏара сурт гича! – ойлайира цо. – Цхьа йовхарш етта долалур дара, ша хӏинцца делла дӏадолу моттуьйтур долуш, юьхьӏаьржа ца хӏотта, хӏуъа дан а кийчча. Дала доьжча санна, цхьа экам лело дезар дара иза, вуьшта боккъал а лийр долуш а ма ду, хӏуъа дина а со юьхьӏаьржа хӏоттийчахьана, суна дагахьбаллам бисчахьана, бен ца хеташ...»
Кхидӏа а шен ойланаш йора цо: «Со а ӏа, дуьненахь цхьанхьа а цхьаьннан а ша санна дерг хила йиш йоцуш цхьаъ бен доцу зезаг ду сайн долахь бохуш, ткъа иза кхинаш санна долу роза хилла. Сан берриг бахам муьлххарг а санна долу и цхьа розий, суна гоьллелц бен ца богӏу кхо тӏам-ламмий, цу тӏе, царех а цхьаъ гуттаренна а хила мегаш цӏехаьлла а болуш, кхин ца хилла-кх... со хӏун эла ву цул тӏаьхьа...»
Иза, бацала дӏа бертал а воьжна, ахӏи аьлла, вилхира.
Эццахь деъана схьакхечира Цхьогал.
– Маршалла ду хьоьга, – элира цо.
– Маршалла хуьлда хьуна а, – гӏиллакхе маршалла схьа а оьцуш, дӏасахьаьжира Жима эла, амма схьагуш цхьа а вацара.
– Со кхуззахь ду, – хезира юха а изза аз. – ӏожа бухахь...
– Хьо хӏун ю? – хаьттира Жимчу эло. – Хьо ма хаза хӏума ю!
– Со Цхьогал ду, – элира Цхьогало.
– Соьца ловзахьа, – хьаставелира Жима эла. – Цхьа чӏогӏа сахьийза-кх сан...
– Суна мегар дац хьоьца ловза, – элира Цхьогало. – Со карӏамийна дац.
– Эхӏ, бехк ма биллалахь, – элира Жимчу эло.
Тӏаккха, цо аьллачух ца кхетта, ойла а йина, хаьттира:
– Кара муха ӏамош хуьлу?
– Хьо кхузара ма вац, – тидам хилира Цхьогалан. – Ахь хӏун лоьху кхузахь?
– Адмаш лоьху, – жоп делира Жимчу эло. – Кара муха ӏамош хуьлу?
– Адмашкахь тоьпаш ю, юха талла арадовлу уьш. Цхьа дуьне гатдеш хьал хӏутту тӏаккха, ахь бохий ца бохий! Котамаш лелош ӏедал а ду церан. И ду церан дикниг. Ахь лоьхурш котамаш-м яц?
– Яц, – элира Жимчу эло. – Ас доттагӏий лоьху. – Кара муха ӏамош хуьлу?