Ас шуна Б-612 астероидах иштта массо агӏор дийцар, ур-аттал цуьнан лоьмар а йовзуьйтуш, юха а и баккхийнаш бахьна долуш ду шуна. Баккхийнаш чӏогӏа терахьаш дукхдезаш къам ма дуй. Ахь хьайн керла доттагӏ шайна вийцахь, цара цкъа а хоттур дац коьртаниг. Цара цкъа а эр дац: «Ткъа аз муха ду цуьнан? Стенах ловза лууш хуьлу иза? Полларчий луьйций цо?» Цара хоттур ду: «Маса шо ду кхуьнан? Маса ву кхуьнан ваша? Дегӏана мел веза хир ву хӏара? Мел кара хӏума йогӏуш ву кхуьнан да?» Цул тӏаьхьа, шайна иза вевзина аьлла, хета царна. Ахь цаьрга алахь: «Суна цхьа хаза цӏа дайра, сирла-цӏечу кибарчигех доьттина, цуьнан корашкахь схьагуш герань-зезаг дара, ткъа тхов тӏехь кхокхарчий ӏара», – вайн дуьненахь цу цӏийнан сурт дуьхьалхӏуттур дац хьуна царна. Ахь цаьрга ала: «Суна бӏе эзар франк мах болу цӏа гира», – цхьа кхаъ хир бу царна цунах: «Эхӏ... гора, ниӏмат*-яӏ!» – аьлла, мохь болуш.
Цунна а дайна, ахь цаьрга алахь: «Жима эла волуш хиларан тоьшаллаш хӏорш ду шуна – иза хазнеха санна чӏогӏа тайна кӏант вара, иза цхьа хаза велалора, цунна ӏахар а безара. Ткъа ӏахар безашверг, цхьа а шеко йоцуш, волуш ву», – ахь цаьрга иштта алахь, цара белшаш саттор ю, цхьа а кхетам боцчу бер-тӏорзане санна хьуьйсур бу хьоьга. Амма ахь цаьрга: «Иза Б-612 астероид олучу сайрат тӏера веънера», – алахь, уьш тешар бу, кхин хеттарш деш шаьш хьуна кӏорда а бойтур бац. Иштта къам ду-кх и баккхийнаш. Царна дегбаамаш бан а ца оьшу. Бераш мелхо а оцу баккхийчарах къинхетам беш хила деза.
Ткъа вай-м, дахар хӏун ю хууш долу нах, – вай, цӏенчу бакъонца, кхаьрда оцу лоьмарех а, терахьех а! Ас дог резахиларца, бозбуунчаллех дуьззина долу исбаьхьа туьйра санна, долийна хир дара хӏара дийцар. Суна хӏара, дӏадоло луур дара иштта:
«Вехаш-ӏаш вара Жима эла. И вехаш вара шел жимма бен йоккха йоцчу сайрат тӏехь, иза чӏогӏа догъэшна вара, уллохь доттагӏ воцуш...» Дахар хӏун ю хууш волчу стагана оцу сохьта гур дара, и сан дийцар цӏенна бакъдерг дуйла.